‏ Psalms 23

Сийлаллин Паччахь волу Веза Эла

1 a
Корта 23 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 24.
Даудан назма. Латта а, цу тӀехь дерг а Везачу Элан ду.
Цуьнан ду дуьне а, цу чохь дехаш дерг дерриге а.
2ХӀордашна тӀехь дуьне ДӀахӀоттийнарг а,
хишна тӀехь иза ЧӀагӀдинарг а Веза Эла ву.

3Мила вер ву Везачу Элан лам тӀе,
я мила дӀахӀуттур ву Цуьнан дезачу цӀа чохь?
4 cШегара зулам цадолуьйтург,
дог цӀена дерг,
шен са зуламехьа цахьажориг,
Делан цӀарах харц дуйнаш ца бууш верг вер ву.
5Везачу Эло декъалвийр ву иза.
Иза кӀелхьарвоккхучу Дала бехказло ю цунна.
6Якъубан Дела, Хьоьгара гӀо оьшучеран,
Хьо лоьхучеран тайпа иштта ду!

7Кевнаш, шайн лакхенаш хьалаайа,
шира неӀарш, дӀаеллало,
сийлаллин Паччахь тӀаккха чувогӀур ву!
8Мила ву сийлаллин Паччахь?
Иза онда а, чӀогӀа а волу,
тӀамехь нуьцкъала волу Веза Эла ву.

9Кевнаш, шайн лакхенаш хьалаайа,
шира неӀарш, дӀаеллало,
сийлаллин Паччахь тӀаккха чувогӀур ву!
10Мила ву сийлаллин Паччахь?
Массо а ницкъийн Веза Эла,
Иза сийлаллин Паччахь ву.
Copyright information for CheCAC2012