‏ Psalms 26

Везачу Элах тешна Ӏаш хилар

1
Корта 26 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 27.
Даудан назма. Веза Эла – сан серло а ю, сан кӀелхьарвалар а ду.
Со хьанах кхоьрур ву?
Веза Эла – сан дахаран дӀалечкъийла ю.
Со хьан Ӏадор ву?

2Нагахь санна зуламе берш суна тӀегӀортахь,
со дӀакхаллархьама, сан мостагӀий тӀелатахь,
уьш, ког таса а белла, шаьш охьаоьгур бу.
3Нагахь тӀеман тоба суна дуьхьалъялахь а,
сан дог кхералур дац.
Суна тӀамца тӀегӀортахь а,
хӀетте а сан сатийсам хир бу.

4Везачу Эле цхьа хӀума доьхура аса,
изза бен ца лоьху аса.
Иза ду, со вехаш мел ву,
Везачу Элан цӀа чохь со Ӏен лаар,
Цуьнан хазалле хьежархьама а,
Цуьнан цӀа чохь Цунах дагавалархьама а.
5Со холчу хӀоьттинчу дийнахь Цо
Шен четар кӀел дӀахьулвийр ма ву со.
Ша Ӏачу метте дӀалачкъор ма ву со,
Цо тарха тӀе а воккхур ма ву со.
6ТӀаккха сан корта суна го бинчу
мостагӀашна тӀехь хьалаайабелла хир бу.
Иза Ӏаш волчу меттехь аса, аз а айдеш,
массо а тайпана сагӀанаш дохур ду,
Везачу Элана хьалха аса иллеш а,
хастаме назманаш а эр ду.

7Веза Эла, Хьоьга дӀакхойкхуш долу сан аз дӀа а хазахь,
сох къинхетам а бехьа, суна жоп а лохьа.
8Сан даго Хьоьгара схьааьлла, Хьо леррина леха.
Цундела Хьо лоьхур ву аса, Веза Эла.
9Хьайн юьхь сох къайла ма яккхахьа.
Хьо оьгӀазвахханчохь Хьайн лай дӀа ма таттахьа.
Хьо сан гӀоьнча вара.
ДӀа а ма таттахьа, дӀа а ма тасахьа со,
ва сан Дела, сан КӀелхьарвоккхург!
10Сан дас а, сан нанас а со витича а,
Везачу Эло со тӀеоьцур вара.

11Веза Эла, Хьайн новкъахула лела Ӏамавехьа со.
Нийсачу некъа тӀе ваккхахьа со,
сан мостагӀий сан тергам беш хиларна.
12Сан мостагӀийн лаамийн кара дӀа ма лохьа со,
хӀунда аьлча суна дуьхьал гӀевттина
харцтоьшаллаш дийраш,
къизаллица са а доьӀуш.

13Со тешна Ӏаш дерг хӀара ду:
со дийна а волуш гур ду суна
Везачу Эло мел до дика.
14Везачу Эле сатийса.
Доьналла долуш а хила,
хьайн дог а чӀагӀде.
Везачу Эле сатийса.
Copyright information for CheCAC2012