‏ Psalms 27

ГӀо оьшучун доӀа

1
Корта 27 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 28.
Даудан назма. Хьоьга кхойкху ас,
Веза Эла, сан Тарх!
Суна жоп ца луш
ма хилалахь.
Хьо вист ца хилча,
эхарте кхаьчначех тарлур ву со.
2Сан доӀанаш дӀахазалахь
ас Хьайга орца дохучу хенахь,
Хьан дезачу цӀийне
ас куьйгаш ойучу хенахь.
3Шайна уллорачаьрга диканиг а дуьйцуш,
ткъа дагахь вониг долчу а,
зуламе гӀуллакхаш дечу а,
Ӏесачу а нахаца хӀаллак ма вехьа со.
4 bЦеран гӀуллакхашка а,
цаьргара даьллачу вочуьнга а хьажжий,
кхел ехьа царна.
Церан куьйгийн балхе хьажжий,
ял лохьа царна,
хьакъ дерриг юхалохьа царна.
5Везачу Эло диначунна а,
Цуьнан куьйго кхоьллинчунна а,
цара тидам тӀе ца бахийтарна,
Цо хӀаллакбийр бу уьш,
юха метта а ца хӀиттош.

6Хастам бу Везачу Элана,
Цунна сан доӀанаш хезна.
7Веза Эла сан чӀагӀо ю,
со ларвеш долу турс ду Иза.
Цунах тешна дара сан дог,
тӀаккха Цо гӀо дира суна.
Сан дог доккхадеш ду,
сайн иллешца ас хаставо Иза.
8Веза Эла Шен халкъан гӀап а ю,
Ша къобалвинчун кӀелхьарваккхаран чӀагӀо а ю.
9Хьайн халкъ кӀелхьара а даккха,
Хьайн тӀаьхье декъал а е.
Церан Ӏу хилахьа,
уьш даим Ӏалаш а беш.
Copyright information for CheCAC2012