‏ Psalms 28

Везачу Элан нуьцкъала аз

1
Корта 28 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 29.
bДаудан назма
Грекийн гочдар тӀехь тӀетоьхна ду: Кхалоран дезачу денойн тӀаьхьарчу ханна.
. Стигалан гуламехь берш, Везачу Элана хастамаш бейша!
Везачу Элан сийлалла а, ницкъ а кхайкхадейша!
2Везачу Элан цӀеран сийлаллина лерина кхайкхамаш бейша!
Везачу Эло Шен возалла гойтучу хенахь Цунна суждане гӀойша.

3Везачу Элан аз ду хезаш хиш тӀехула.
Стигал къекъош ву сийлахь волу Дела.
Везачу Элан аз ду хезаш хӀордаш тӀехула.
4Нуьцкъала а ду Везачу Элан аз,
сийлахь а ду Везачу Элан аз.

5Баганан дитташ охьадохку Везачу Элан озо.
Ливанунера долу баганан дитташ охьадохку Везачу Эло.
6Цо Ливанун-мохк, эса санна, кхийсаболуьйту,
Хьермон-лам
Хьермон-лам – ма-дарра аьлча: Сириюн. Иза Хьермон-ломан шира цӀе ю цӀаданхойн маттахь. Хьовса: Карладаккхар 3:9.
, акха бугӀа санна, ирхлоьлхуьйту.

7Стелахаьштиг схьатуьйсу
Везачу Элан озо.
8Яьсса аре а егайо Везачу Элан озо.
Кхадеш цӀе йолу яьсса аре а егайо Везачу Эло.
9Сешка кӀорнеш а йохуьйту,
масарш оста а довлуьйту
Я иштта: Нежнаш дега а до, дитташ дерзина а доху Везачу Элан озо.

Везачу Элан озо.
Везачу Элан цӀийнан кертахь массара а
Цуьнан сийлаллех лаьцна дуьйцу.

10ТӀедевллачу хишна тӀехь а олалла динера Везачу Эло.
Абаденналц а паччахьан олалла дийр ду Везачу Эло.
11Шен халкъана ницкъ лур бу Везачу Эло.
Шен халкъ, синтем а луш, декъалдийр ду Везачу Эло.
Copyright information for CheCAC2012