Psalms 29
Хастаман доӀа
1 ▼▼ Корта 29 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 30.
Делан цӀа даздан олу Даудан назма. 2Веза Эла, ас хастам бо Хьуна. Ахь кӀелхьарваьккхи со,сан мостагӀий сох ца белийти.
3Сан Веза Дела! Ас гӀо дийхира Хьоьга,
Ахь суна дарба дира.
4Эхартара сан са ара а даьккхина,
со денвира Ахь, Веза Эла,
коша чу со ца вижийтира.
5Хастам бе Везачу Элана,
Цунна тешаме болу нах.
Иза веза хилар дагадоуьйтуш,
хаставе аша Иза,
6хӀунда аьлча кӀеззигчу ханна ду Цуьнан оьгӀазвахар,
дерриг а дахарна ду Цуьнан дика.
Суьйранна белхар дӀахӀоттахь а,
Ӏуьйранна самукъадалар хуьлу.
7Со синтеме волуш ас бехира:
«Цхьана а хӀумано меттахвоккхур вац со».
8Хьайн диканца, Веза Эла,
Ахь чӀагӀбира сан лам.
Амма Ахь Хьайн юьхь къайлаяьккхича,
со вуьйхира.
9ТӀаккха, Веза Эла, Хьоьга кхайкхира со.
Хьалдолчу Эле ас дийхира:
10«ХӀун пайда бу сох, со хӀаллаквича?
Хьуна хӀун лур ду, со коша чу вижча?
Сан докъо хастам бийр буй те Хьуна?
Сох йисинчу чено Хьан бакъдерг кхайкхор дуй те?
11Веза Эла, со дӀа а хазий, къинхетам бехьа сох!
Веза Эла! Хилахьа сан гӀоьнча».
12Ахь сан белхаран метта,
суна хелхар дели,
сингаттаман духарш дӀа а эцна,
самукъадаларан духарш суна тӀедуьйхи.
13Сан сино, ца соцуш, хеставойла Хьо.
Сан Веза Дела, ас хестор ву Хьо гуттара а.
Copyright information for
CheCAC2012