Psalms 31
Къиношна дохкодовларх а, Дала гечдарх а
1 a ▼▼ Корта 31 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 32.
Даудан хьехаме назма. Декъала ву Везачу Эло цуьнан къиношцкъа а цунна дуьхьал ца лоруш волу стаг!
2Декъала ву Везачу Эло бехке веш воцу а,
шен синца мекарло йоцу а стаг!
3Айса къа латадар дӀа а ца дуьйцуш,
Хьоьга вист а ца хуьлуш, со Ӏачу хенахь,
хӀора денна ас узарш дарна,
малъелла дӀаяьллера сан даьӀахкаш.
4ХӀунда аьлча дийнаххьий, буьйсанний Хьан куьг суна тӀехь дазделла лаьттара.
Аьхкенан йокъа хӀоьттинчу хенахь санна,
бос а байна сан.
5Амма айса латийначу къинна къера а хилира со,
сайн бакъонца цалелар хьул а ца дира аса Хьох.
Ас элира: «Везачу Эле сайн къинош дӀадоьллур ду ас».
ТӀаккха Ахь дӀабаьккхира суна тӀера сан къинан бехк.
6ХӀора Делан лаамехь волчо доӀа дойла Хьоьга,
ша нийса вац аьлла хетачу хенахь,
даккхий хиш дистина догӀучу хенахь,
цунна тӀе уьш кхочур дац.
7Хьо волчохь ю сан дӀалочкъийла,
Ахь ларво со халонех,
кӀелхьарваларан хазахетар а ло Ахь суна.
8Ас хьо кхетор а ву,
хьо ваха везачу новкъа а воккхур ву.
Ас куьйгалла а дийр ду хьуна тӀехь,
Сан бӀаьрг а бу хьуна тӀехь.
9Ма хилийша дин санна,
я кхеташ йоцу вирбӀарза санна,
шаьш бохург цаьрга дайтархьама,
церан мочхалш тӀе дуьрстанаш а, гаьллаш а йоьхкина, сецо езаш йолу.
10Дог цӀена доцучу стеган
дукха баланаш бу,
ткъа Везачу Элах тешна Ӏаш волчунна
Цуьнан хедар боцу безам хуьлу.
11Везачу Эло шайна динарг бахьанехь,
самукъане хилалаш, Делан лаамехь дерш,
даккхийделаш, дог цӀена дерш.
Copyright information for
CheCAC2012