Psalms 35
Бакъонаш ца ларъечун Ӏесалла
1 ▼▼ Корта 35 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 36.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Везачу Элан ялхо волчу Даудан назма. 2 bӀесачун кӀорггера даг чуьрааьрхалла йистхуьлу цуьнга.
Цуьнан бӀаьргаш чохь
Делах кхерар дац.
3Шех лаьцна оццул лекха ойла ю цуьнан,
шен къинош а гина, уьш ца деза кхетам ца кхаччал.
4Цуьнан багара схьадолу дешнаш харц а, мекара а ду.
Кхетаме хилар а, дика лелар а цо дитина ду.
5Вижинчохь а вон ойланаш йо цо.
Иза харц некъа тӀе а волу,
вониг дарх дӀа а ца воьрзу.
6Веза Эла! Хьан хедар боцу безам стигалшка дӀакхочу,
Хьан тешаме хилар мархашка кхочу.
7Хьан нийсо лекха лаьмнаш санна ю.
Хьан кхел кӀорга хӀордаш санна ю.
Адамаш а, бежанаш а Ӏалашдо Ахь, Веза Эла!
8Мел чӀогӀа мехала бу-кх Хьан хедар боцу безам, Дела!
Хьан тӀемийн ӀиндагӀехь адамаша шаьш лардойту.
9Хьан токхечу цӀийнах дузуш ду уьш.
Хьайх долучу диканан хица хьогалла дӀайоккху Ахь церан.
10ХӀунда аьлча Хьоьгара ду дахаран хьоста.
Хьоьца йолчу серлонгахь серло го тхуна.
11Дахдехьа Хьо вевзачарна Хьайн безам балар а,
догцӀеначарна Хьайн нийсо лелор а.
12Курачун ког суна тӀе ма болийла,
къилахь волчун куьйго со дӀа а ма эккхавойла.
13Зулам лелош берш цигахь охьаэгна.
Шаьш охьабахкарна, уьш хьала ца гӀовттало.
Copyright information for
CheCAC2012