Psalms 36
Делан лаамехь волчунна а, Ӏесачунна а шен-шен хьакъ дӀадалар
1 ▼▼ Корта 36 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 37.
Даудан назма.А мал ▼
▼ХӀара назма абатан кепехь ю. Хьовса: Забур 24.
вон йолчарах Ӏеха ма лолахь,зуламаш лелочарах ма хьегалахь.
2ХӀунда аьлча уьш кестта, буц санна, бакъалур бу,
сенделла догӀу ялта санна, маргӀал а лур бу.
3 Б илггал Везачу Элах тешна а хила, дика а де.
Лаьттахь вехаш а хила, догцӀеналла лар а е.
4Везачу Элах дезар оьцуш хила,
Цо хьан деган лаамаш кхочушбийр бу.
5 В езачу Элан кара хьайн некъ дӀа а ло,
Цунах тешна Ӏаш а хила,
ткъа тӀеоьшург Цо кхочушдийр ду.
6Цо, серло санна, хьан бакъдерг а гучудоккхур ду,
дийнан делкъе санна, хьан нийсо а гучуйоккхур ю.
7 Г Ӏам-гӀим а ца деш, тийна а волуш,
Везачу Эле ладоьгӀуш хилалахь.
Дахаран новкъахь кхиамаш бохуш волчу
мекарчу стагах ма хьегалахь.
8 Д ералла а йиталахь, оьгӀаз а ма эхалахь.
Хьайх зулам даллийтал хьагӀ йолуш ма хилалахь.
9ХӀунда аьлча зулам долуьйтурш хӀаллакбийр бу,
ткъа Везачу Эле сатийсар долчарна
тӀаьхьалонна латта кхочур ду.
10 Е рриг а хан дукха ер яц,
ткъа Ӏесаниг кхин хир а вац.
И хиллачу метте хьо дӀахьаьжча,
цигахь иза хир ма вац.
11 cТкъа эсала болчарна тӀаьхьалонна латта кхочур ду,
машарх а, беркатах а цара дезар оьцур ду.
12 Ж ирга хета ойланаш Делан лаамехь болчарна дуьхьал Ӏесачо йо,
уьш шена цабезарна цо царна шен цергаш хьекхайо.
13Ткъа Веза Эла цунах воьлу, хӀунда аьлча
Ӏесачун тӀаьххьара де тӀекхочуш хилар го Цунна.
14 И ра тарраш Ӏесачара баттара схьадоху,
шайн секхаӀедаш а цара тӀехьежадо,
къениг а, мисканиг а охьавиллархьама а,
нийсачу новкъахь берш чекхбахархьама а.
15Тарраш церан шайн дегнех чекхдевр ду,
церан секхаӀедаш кеглур ду.
16 К Ӏеззиг долу Делан лаамехь болчеран хьал –
Ӏесачеран дуккха а долчу хьолал гӀолехь ду.
17ХӀунда аьлча Ӏесачеран ницкъ бохийна хир бу,
ткъа Шен лаамехь берш Везачу Эло чӀагӀбо.
18 Л еррина хьоьжу Веза Эла цӀена лелачийн хьашташка,
царна кхаьчна мел дерг абаденналц лаьттар ду.
19Буьрсачу хенахь а юьхьӀаьржачу хӀиттор бац уьш,
меца хан тӀееача а, буьзна хир бу уьш.
20 М аргӀалдоьлла аренан зезагаш санна,
Ӏесанаш хӀаллакьхир бу.
Везачу Элан мостагӀий,
кӀур санна, дӀабовр бу.
21 Н агахь Ӏесачо духалург даккхахь, иза юха дӀа ца ло цо,
ткъа Делан лаамехь волчо шен къинхетам хиларца дӀало.
22ХӀунда аьлча Везачу Эло декъалбинчарна
тӀаьхьалонна латта кхочур ду,
ткъа Цо неӀалт кхайкхийнарш дӀалелхор бу.
23 О нда чӀагӀбо Везачу Эло адаман некъ,
цо йоху гӀулчаш Шена тамехь елахь.
24Иза, ког тасабелча а, вужур вац,
хӀунда аьлча Везачу Эло цуьнан куьг дӀалоцу.
25 П оп санна а волуш, къона вара со, ткъа хӀинца къанвелла.
Делан лаамехь верг суна дӀатесна а ца гира,
цуьнан тӀаьхье бепиг доьхуш а ца гира.
26Цо хӀора дийнахь къинхетам а бо, духалург а ло.
Цуьнан тӀаьхье декъала а хир ю.
27 С овдоккхуш дикалла, зулам дарх дӀаверзалахь –
лаьтта тӀехь гуттаренна а вехар ву хьо.
28ХӀунда аьлча Везачу Элана бакъдерг деза,
Шен долахь берш Цо дӀа а ца туьйсу.
Т ешаменаш абаденналц Ӏалашбийр бу,
ткъа Ӏесачеран тӀаьхье дӀаэккхор ю.
29Делан лаамехь болчарна тӀаьхьалонна латта кхочур ду,
уьш цу тӀехь абаденналц бехар бу.
30 У ггар хьекъале дерг Делан лаамехь волчун
багара схьадолу, цуьнан матто а бакъдерг олу.
31Шен Делан хьехамаш цуьнан даг чохь бу,
ткъа царна тӀера иза дӀа а ца волу.
32 Х ь оьжуш хуьлу Ӏесаниг Делан лаамехь волчуьнга,
иза вен дагахь, кӀело яр лоьхуш.
33Амма Везачу Эло иза Ӏесачун кара дӀалур вац.
Уьш кхеле бевлча, Цо иза бехке а лоруьйтур вац.
34ЧӀогӀа Везачу Эле са а тийса,
Цуьнан новкъахула бен ма лела.
ТӀаьхьалонна латта хьуна а кхочуьйтуш,
Цо хьан сий дийр ду.
Ткъа Ӏесанаш дӀа а лелхор бу,
хьуна иза гур а ду.
35Шен орамаш чӀагӀдина волу луьра Ӏесаниг гира суна,
сенделла гаьннаш долчу диттах терра волу.
36Амма со тӀехваьлча ▼
▼Грекийн гочдар тӀехь: Амма со тӀехваьлча. Ӏебархойн тептар тӀехь: Амма цхьаъ тӀехваьлча.
, иза ван а вацара.Аса и лоьху, ткъа суна кара а ца во иза.
37Юххерачу цӀена лелаш волчун тергам а бе,
догцӀеначу нехан леррина тергам а бе,
тӀаьхье машаран стеган хир йолу дела.
38Ткъа зуламенаш берриш а хӀаллакбийр бу.
Ӏесачеран тӀаьхье хӀаллакйийр ю.
39Ӏазап хьоьгучу хенахь
Делан лаамехь болчарна
Веза Эла чӀагӀо санна ву,
Цуьнгара церан кӀелхьарбовлар ду.
40Везачу Эло царна гӀо а до, уьш лар а бо.
Ӏесачарах Цо уьш паргӀат а боху,
царах Цо уьш кӀелхьар а боху,
шаьш Цуьнга цара ларбойту дела.
Copyright information for
CheCAC2012