Psalms 37
Баланехь волчун доӀа
1 ▼▼ Корта 37 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 38.
Даудан назма. Дагалацийтаран доӀа. 2Веза Эла! Хьо дарвеллачохь суна тӀех ма деттахьа.Хьо оьгӀазвахханчохь суна таӀзар ма дехьа.
3ХӀунда аьлча Хьан пхерчий сох чекхдевлла.
Суна тӀехь долу Хьан куьг а дазделла.
4Хьан дералла бахьанехь дийна меттиг а ца йисина сан дегӀа тӀехь.
Сан даьӀахкаш лозуш ю ас летийна къинош бахьанехь.
5Сан коьртал а лакхадевлла аса летийна къинош,
суна тӀехь ма ду уьш, беза мохь санна.
6Вон хьожа а йогӀуш, наткъарх юьзна ю
суна тӀера чевнаш, сан хьекъал ца кхачарна.
7Сатта а сеттина, охьатаьӀна лела со,
дийнахь сарралц гӀайгӀанехь лела со.
8Кийра а буьзна дерачу чевнех сан,
дегӀа тӀехь дийна меттиг а ца йисна сан.
9Ца мегачу ваьлла со, воха а воьхна,
узарш деш лела со, дог чӀогӀа дохарна.
10Веза Эла! Сан берриг а лаамаш Хьуна хьалха ма бу.
Сан синан садеӀар Хьох къайла ца долу.
11Дог а дегадо сан. Сан ницкъо а вити со.
БӀаьргийн серло а яц ур-атталла хӀинца сан.
12Сан доттагӀий а, накъостий а сан даьӀнех дӀабирзи.
Сан гергара берш берриге а суна генабевли.
13Ткъа со вен тӀаьхьабевллачара суна гураш дугӀу.
Суна зулам хила луучара со дакъазаваларх лаьцна дуьйцу,
цара хӀора дийнахь юкъа питанаш туьйсу.
14Ткъа суна-м хезаш дац, къорачунна санна,
ву со бага дӀа ца йоьллу, мотт ца хуург санна.
15Хилла со къора стаг санна,
багахь дала жоп доцуш волу.
16ХӀунда аьлча, Веза Эла, Хьоьга ас ладоьгӀу.
Сан Хьалдолу Дела, Ахь суна жоп лур ма ду.
17ТӀаккха ас элира: «Суна тӀехь толам ма боккхийла сан мостагӀаша.
Сан ког шершачу хенахь, цара ма йойла суна кураллаш».
18Со вожа герга ву,
сан бала гуттара а соьца бу.
19Со къера ву сайн харцонашна,
дохковаьлла со сайн къинна.
20Ткъа сан мостагӀий бехаш а, чӀагӀлуш а лаьтташ бу.
Бахьана доццушехь, со цавезарш багар ца баллал бу.
21Ас дечу диканна дуьхьал суна зулам дийраш,
аса дика дешшехь, суна дуьхьалбовлу.
22Ма витахьа со, Веза Эла!
Гена ма валахьа суна, сан Дела!
23Суна гӀо дан сихлохьа,
Веза Эла волу, сан КӀелхьарвоккхург!
Copyright information for
CheCAC2012