Psalms 39
Баркалла алар а, гӀо дехар а
1 ▼▼ Корта 39 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 40.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. 2Боккхачу тешамца ладоьгӀура аса Везачу Эле,тӀаккха соьгахьа схьавирзира Иза,
ас доккху орца а дӀахезира Цунна.
3Кхерамечу гӀу чуьра со хьала а ваьккхина,
сацкъаран уьшал чуьра со схьа а озийна,
тарха тӀе сан когаш Цо дӀахӀиттийра,
ас еш йолу сан гӀулчаш Цо чӀагӀйира.
4Тхайн Далла хастамаш беш йолу
керла эшар йиллира Цо сан бага.
Дукхахберш, иза а гина,
ларамах буьзна а хир бу,
Везачу Элах тешна а хир бу.
5Декъала ву Везачу Элах тешна Ӏаш волу а,
цӀушка дехарш деш воцу а,
харцделанашна Ӏамал ечарах
дӀакхетта а воцу стаг ▼
▼ЦӀушка дехарш деш воцу а, харцделанашна Ӏамал ечарах дӀакхетта воцу а стаг – я иштта: курачарна а, аьшпаш буттучарна а тӀе дехаре ца воьдург.
.6Алссам ду, сан Веза Дела,
Ахь мел дина тамашийна гӀуллакхаш а,
тхох лаьцна Ахь мел йина ойланаш а.
Хьоьца цхьа а вусталур ма вацара!
Ахь мел динчу гӀуллакхех лаьцна
Ас дийцахь я кхайкхам бахь,
церан терахь хьесап ца даллал доккха хир ма дара!
7 cСагӀанаш а, совгӀаташ а ца дийзира Хьуна,
Сан лергаш дӀадиллира Ахь.
Дийнаташ дагоран сагӀанаш Хьуна ца тайра,
къинойх долу сагӀанаш Ахь ца дийхира.
8ТӀаккха ас элира: «Хьажахьа, со кийча ву,
товрат-хьехамийн тептар тӀехь суна лерина яздина ду.
9Хьан лаам кхочушбан лууш ву со, сан Дела!
Хьан товрат-хьехамаш сан даг чохь лаьтта».
10Боккхачу гуламехь дуьйцура аса
Хьан нийсонах лаьцна.
Сайн баганна новкъарло ца йора аса,
Хьуна ма-хаъара, Веза Эла.
11Хьан нийса хилар сайн даг чохь къайла ца доккхура аса.
Хьо тешаме хиларх а, Ахь кӀелхьарваккхарх а лаьцна кхайкхадора аса.
Боккхачу гуламна хьалха Хьан хедар боцу безам а,
Хьан билггал бакъдерг а ца хьулдора аса.
12 dВеза Эла, сох къинхетам бар Ахьа цкъа а ца сацадо.
Хьан безамо а, тешаме хиларо а саццаза ларвойла со,
13хӀунда аьлча барам боцучу бохамаша
го бина суна. Сан къиноша, со стенга
вала веза ца хаъал, хьалавуьзна со.
Уьш сан коьртарчу месел а совдевлла.
Сан доьналла а сох дӀакъаьстина.
14Веза Эла, со кӀелхьарваккхар Хьайна тамехь хилийтахьа.
Веза Эла, суна гӀоьнна тӀеван сихлохьа.
15Сан са хӀаллакьхилар лоьхурш
юьхьӀаьржачу а хӀуьттийла, царна эхь а дуссийла!
Суна зулам хила луурш,
юьхьӀаьржачу а хӀиттийна, юха а берзабойла!
16Со емалвархьама, соьга: «Жолам-яӀ!» – бохурш,
шайна эхь доссарна, боьхна хьийзийла.
17Хьо лоьхуш болу массо а Хьо бахьанехь
хазахетта а, самукъадаьлла а хуьлийла!
Ахь шаьш кӀелхьардахар дезаш болчара
«Сийлахь ву Веза Эла!» – саццаза олийла.
18Со-м къен а, миска а ву.
Хьалдолу Эла, сан гӀайгӀа бехьа!
Хьо ву суна гӀо дийриг а, со паргӀатвоккхург а.
Ва сан Дела, хье ма лохьа!
Copyright information for
CheCAC2012