c Забур 105:48.
Psalms 40
Цомгуш волчун доӀа
1 ▼▼ Корта 40 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 41.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. 2Декъала ву гӀийлачун гӀайгӀа беш верг!Холчу хӀоьттича, Везачу Эло паргӀатвоккхур ву иза.
3Везачу Эло лар а вийр ву, дийна а вуьтур ву иза.
Ша лаьттахь йоккхучу хенахь иза декъала хир ву.
Цуьнан мостагӀийн лаамийн дола Ахьа дӀа ма лохьа иза.
4Цомгуш а хилла, меттахь висча а,
Везачу Эло иза чӀагӀво.
Цуьнан цамгарх Ахь иза то а во.
5Ас элира: «Веза Эла! Сох къинхетам бехьа,
со товехьа, хӀунда аьлча Хьуна дуьхьал аса къа латийна».
6Сох лаьцна вониг олу сан мостагӀаша:
«Иза маца лийр ву те,
цуьнан цӀе а маца дӀайовр ю те?» – бохуш.
7Со ган веаначун хабар
гуттара а даьсса хуьлу.
Шен даг чохь цо вониг латтадо.
Ара а волий, сох лаьцна цо эладита даржадо.
8Со ца везначу массара а вовшашна юкъахь
сох лаьцна шабар-шибарш до.
Уггар а вониг сох лаьцна дага а лоьцуш,
цара вовшашка олу:
9«Цунна Ӏожаллин ун ма кхетта.
Ша Ӏуьллучуьра иза кхин хьалагӀатталур ма вац».
10 bУр-атталла сан уггар дикачу доттагӀчо,
ас тешаме лоручу а,
соьца бепиг дууш волчу а,
мекарлонца суна дуьхьал куьг айина.
11Ткъа Ахьа, Веза Эла,
сох къинхетам а бай,
дӀахӀоттавехьа со,
аса хьакъ дерг дӀалур дара царна.
12Сан мостагӀаша суна тӀехь толам
цабаккхарх хуур ду суна,
Хьо суна реза хилар.
13Сох лаьцна аьлча, со догцӀена хиларна
со лоттуьйту Ахь. Ткъа со гуттаренна а
Хьайна уллохь дӀахӀоттаво Ахь.
14 cАзалера абаденналц декъала ву
Исраилан халкъан Веза Дела!
Амин! Амин!
Copyright information for
CheCAC2012