‏ Psalms 42

Йийсарехь волчун доӀа

(41-чу назманан тӀаьхье)

1
Корта 42 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 43.
Ва Дела, со бехказаваккхахьа,
диндоцучу халкъана дуьхьал болчу
сан къовсамехь суна гӀо дехьа.
Мекарчу а, зуламечу а адамех
со кӀелхьарваккхахьа!
2Дела, Хьо ю сан чӀагӀо.
Со дӀа хӀунда теси те Ахьа?
Сан мостагӀчо суна гӀело а йина,
гӀайгӀане хӀунда лела те со?

3Хьайн серло схьаяийтахьа,
Хьайн бакъдерг схьакховдадехьа.
Цара со дӀавуьгийла,
цара со хьалавоккхийла
Хьан безачу лома тӀе,
Хьо Ӏаш волчу цӀийне.
4ТӀаккха со дӀагӀур ву Делан сагӀа доккхучу кхерчана тӀе,
сан хазахетаран а, самукъадаларан а Дела волчу.
Аса мерз-пондарца хастамаш бийр бу Хьуна,
ва Дела, сан Дела!

5ХӀунда ду те хьо сингаттаме, сан са?
Карзах хӀунда дуьйлу те хьо сан кийрахь?
Деле ладоьгӀуш хила, хӀунда аьлча
аса кхидӀа а хастамаш бийр бу Цунна,
со КӀелхьарвоккхург волчу сайн Далла.
Copyright information for CheCAC2012