Psalms 45
Дела вайца ву
1 ▼▼ Корта 45 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 46.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Кхорахьан тӀаьхьенан назма. ХӀара йиш «Ӏаламут» олучу мукъамехь ала езаш ю. 2Дела – вайн дӀалочкъийла а ю, вайн ницкъ а бу,вай де доьхна хьаьвзича, гуттар а кийча волу гӀоьнча а ву.
3Цундела вай кхералур дац,
ур-атталла латта дегийча а,
лаьмнаш хӀордаш чу дахча а,
4тулгӀенаша гӀовгӀа яьккхича а,
хӀордийн хиш ловзадевлча а,
шаьш меттахдахарна лаьмнаш дегийча а.
5Цхьа татол ду Делан гӀалин самукъадоккхуш.
Веза Воккха Дела Ӏаш волу еза меттиг ю цигахь.
6Дела цу меттигна юккъехь ву, иза юхур яц.
Сатосучу хенахь дуьйна Дала цунна гӀо дийр ду.
7Халкъаш дарделла, пачхьалкхаш меттахъевлла.
Дала Шен аз хазийти, ткъа латта дешна дӀадели.
8Массо а ницкъийн Веза Эла вайца ву.
Якъубан Дела вай лардаран гӀап ю.
9Схьа а дуьйлий, хьовсийша Везачу Эло мел дечуьнга,
лаьттахь Цо кхочуш мел дечу инзаре гӀуллакхашка.
10Дуьненан йисте кхаччалц Цо тӀемаш а совцабо,
секхаӀад а дохадо, гоьмукъ а кагбо,
Цо турсаш а цӀергахь дагадо.
11ДӀа а совций, Со Дела вуйла хаийша.
Халкъаша а лакхавоккхур ву Со,
лаьтта тӀехь а лакхавоккхур ву Со.
12Массо а ницкъийн Веза Эла вайца ву.
Якъубан Дела вай лардаран гӀап ю.
Copyright information for
CheCAC2012