‏ Psalms 46

Дела дерриг а дуьненан Паччахь ву

1
Корта 46 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 47.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Кхорахьан тӀаьхьенан назма.
2Ва массо а халкъаш, тӀараш деттийша!
Даккхийдеран озаца Деле кхайкхийша!
3Веза Воккха Эла кхераме ву.
Иза дерриг а дуьненан сийлахь Паччахь ву.
4Халкъаш вайна муьтӀахь дина Цо.
Къаьмнаш вайн когашка охьадехкина Цо.
5Цо хаьржина вайна кхаьчна болу хӀара мохк,
Цунна дезаш долчу Якъубан халкъо цунах дозалла до.

6Даккхийдеран аьзнаш айадарца хьалаваьлла Дела,
коьман маӀа лоькхучохь хьалаваьлла Веза Эла.
7Вайн Далла ала иллеш,
вайн Паччахьна ала уьш.
8Дерриг а лаьттан Паччахь ву Дела.
Массара а говза назма Цунна ала.

9Массо а халкъашна тӀехь Паччахь ву Дела.
Шен езачу Ӏаршехь охьахиъна ву Дела.
10Кхечу къаьмнийн куьйгалхой гулбелла
ИбрахӀиман Делан халкъаца цхьаьна.
ХӀунда аьлча латта лардийраш Делан долахь бу,
ткъа Дела царал а лакхаваьккхина ву.
Copyright information for CheCAC2012