Psalms 49
Далла билггал бакъдолу Ӏибадат дар
1 ▼▼ Корта 49 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 50.
Асайпан назма. Деланийн Дела волчу Везачу Эло Шена тӀекхойкхумалхбалера дуьйна малхбузе кхаччалц долу дерриге а латта.
2Хазаллехь кхоччуш болчу Цийон-лома тӀера
Дела Шен нуьраца серлавуьйлу.
3СхьавогӀур ву Вайн Дела,
амма тийналлица вогӀур вац Иза.
Дерриг хӀума а дӀакхоллуш йолу цӀе ю Цунна хьалха,
чехкабаьлла мох бу Цунна гонах.
4Лакхарчу стигале а, иштта лаьтте а кхайкхам бо Цо,
Шен халкъана Ша кхел ярхьама:
5«Схьагулбе Со волчу Суна тешаме берш,
сагӀа даккхарца Соьца барт бинарш».
6Стигалша Цуьнан нийсо кхайкхайо,
хӀунда аьлча Дела – Ша ву Кхелахо.
7«ЛадогӀа, Сан халкъ, Ас дош эр ду.
Исраилан халкъ! Ас хьуна дуьхьал тоьшалла дийр ду.
Со Дела ву, хьан Дела ву!
8Ахь дохучу сагӀанашна дуьхьал эр дац Ас хӀумма а –
хьан дийнаташ дагоран сагӀанаш гуттара а ду Суна хьалха.
9ХӀетте а, Ас хьан цӀентӀера стерчий а схьаоьцур дац
я хьан гӀотанашкара бежалой а тӀеоьцур яц.
10ХӀунда аьлча хьаннашкара ерриг акхарой а Сан ю,
эзар лаьмнашкара хьайбанаш а Сан ду.
11Лаьмнаш тӀера дерриг олхазарш а девза Суна,
аренгара бежанаш а ду Суна хьалха.
12Нагахь Со мацвелча а, хьоьга эр дацара Ас,
хӀунда аьлча Сан ду дерриг дуьне а,
цунна чохь мел долу хӀума а.
13Стерчийн жижиг дууш ву ткъа Со,
я бежалойн цӀий молуш ву ткъа Со?
14Ахьа Далла сагӀина хьайн хастамаш а бе,
айхьа Веза Воккхачунна дина нигат кхочуш а де.
15Хьайн де доьхча, Соьга кхайкха.
Ас хьо кӀелхьарвоккхур ву, ахьа Сан сий дийр ду».
16Амма Ӏесачуьнга Дала иштта боху:
«Ас тӀедехкинарш а хӀунда кхайкхадо ахь,
Соьца бина барт а хӀунда бу хьан багахь?
17Ткъа хьо нисвар хьуна бӀаьрга дан ца деза,
Сан дешнаш а хьайна тӀехьа дӀатотту ахьа.
18Хьайна къу гича, цуьнца а лела хьо,
сийсаза лелачаьрца а хьо-со хуьлу хьан.
19Ахь хьайн багах вон дешнаш а довлуьйту,
хьан матто мекарло а кхуллу.
20Охьа а хаий, хьайн веших лаьцна вониг олу ахь,
хьайн ненан кӀантах лаьцна харцдерг кхуллу ахь.
21Ахь иза леладора, ткъа Со вист ца хуьлура.
Хьуна-м Со хьайх тера ву моьттира.
Амма хӀинца Ас хьуна тӀехдеттар а ду,
хьан бӀаьргашна хьалха Ас хьох бехк боккхур а бу.
22Кхеталаш хӀокхунах, Дела вицвинарш,
Соьга шаьш хьийза ца дайтархьама,
шу кӀелхьардохург ца хиларна.
23Суна сагӀина хастамаш бахьаш волчо Сан ларам бо.
Ша лела некъаш нисдеш волчунна
Ас Делера долу кӀелхьарвалар гойтур ду».
Copyright information for
CheCAC2012