‏ Psalms 50

Гечдаран доӀа

1
Корта 50 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 51.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.
2 bДауд Бат-ШабаӀах кхеттачул тӀаьхьа, иза волчу Ната-пайхамар веана хиларх лаьцна. 3Веза Дела, Хьайн хедар боцучу безамца гечдехьа суна.
Хьайн боккхачу къинхетамца дӀадахахьа сан къинош.
4Хино дӀайоху модаш санна,
дӀаяхахьа сан харцонаш,
сан къинойх цӀанвехьа со.

5Сайн харцонашна къера ву со,
айса латийна къа гуттар а суна хьалха ду.
6 cХьуна хьалха, Хьуна цхьанна хьалха къа латийна ас,
Хьан бӀаьргашна хьалха хьарамниг дина,
цундела со бехке варехь Хьо нийса а ву,
кхел ярехь цӀена а ву.
7Харцонца вара со дуьнен чу ваьлчхьана дуьйна,
сайн ненан кийрара дуьйна къа ду аса схьадахьаш.

8Сан даг чохь бакъдерг хилар лууш ву Хьо,
цундела сан коьрте хьекъал доуьйту Ахь.
9Ярийн курсаца цинцаш тохахьа суна тӀе,
тӀаккха со цӀена хир ву,
хих ваккхахьа со,
тӀаккха лонал а кӀайн хир ву со.
10Хазахетар а, самукъадалар а хазийтахьа суна,
тӀаккха Ахь кегйина даьӀахкаш самукъадаьлла хир ю сан.
11Сан къиношна тӀера дӀаверзий,
сан харцонаш дӀаяхахьа.

12Суна чохь цӀена дог кхоллахьа, Дела,
суна чуьра тешаме са карладаккхахьа.
13Хьайна хьалхара со дӀа ма ваккхахьа,
Хьайн Деза Са соьгара дӀа ма даккхахьа.
14Ахь кӀелхьарваккхарна долу хазахетар юхалохьа суна,
Хьуна муьтӀахь хила лууш долчу Синехь чӀагӀвехьа со.
15Нийсонца лелаш боцурш Хьан новкъа ас бохур бу,
тӀаккха галбевлларш Хьуна тӀебоьрзур бу.

16Со кӀелхьарвоккху Дела,
цхьаннан цӀий Ӏанорах ларвелахь со,
тӀаккха ас Хьан нийсо хастор ю.
17Веза Эла! Схьаеллахьа сан бага,
тӀаккха цо Хьуна хастам кхайкхор бу.

18Ас сагӀа доккхур дара Хьуна,
амма Хьуна ца деза иза.
Хьайна лерина дийнаташ дагорна а
Хьо реза вац.
19Доьхна са – иза Далла луш долу сагӀа ду.
Дохкодаьлла а, муьтӀахь долу а дог Ахь дӀатоттур дац, Дела.

20Хьайн лаамца къинхетам бехьа Цийон-гӀопах,
Ярушалайман пенаш ирахӀиттадехьа.
21ТӀаккха Хьо реза хир ву бакъдолчу сагӀанашна,
дийнаташ дагоран сагӀанаш а тамехь хир ду Хьуна,
тӀаккха Хьан сагӀа доккхучу кхерча тӀе
стерчий дохкур ду.
Copyright information for CheCAC2012