‏ Psalms 52:2-4

2 aСонтачара шайн дагахь боху: «Дела вац».
Уьш ма телхина бу, цара лелориг ма дегаза хӀума ду.
Царах цхьа а диканиг дийриг вац.

3Стигалшкара адамашка
охьахьоьжу Дела,
цхьа а кхетамехь верг а вуй те,
Дела лоьхург а вуй те, Шена гархьама.
4Берриш а нийсачу некъа тӀера дӀабирзина,
уьш массо а талхарх буьзна.
Царах цхьа а диканиг дийриг вац,
ур-атталла цхьаъ-м вац.
Copyright information for CheCAC2012