‏ Psalms 54

ДоттагӀашкахьара ямартло хиллачо дина доӀа

1
Корта 54 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 55.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: мерз-пондарш тӀехь ала езаш йолу Даудан хьехаме назма.
2Дела, сан доӀа дӀа а хазахь,
сан дехарх къайла а ма валахь.
3Сан тергам а бехьа, суна жоп а лохьа.
Сан дог а доьхна, со гӀайгӀанехь а ву.
Со карзахвуьйлу,
4мостагӀчун аз хазарна а,
Ӏесачара суна гӀело ярна а,
хӀунда аьлча цара суна дуьхьал зулам а леладо,
уьш дераллица дуьхьал а бевлла суна.

5Сан кийрарчу даго а хьийзаво со,
Ӏожаллин къемато а дӀалаьцна со.
6Кхерар а, вегавар а тӀедеана суна,
Ӏада а вина, воьхна хьийза со.
7Цундела ас элира: «Кхокханан санна
долу тӀемаш суна хьан лур дара?
Со, тӀема а ваьлла, паргӀатвер вара.
8Со, генна дӀа а вахана,
яьссачу аренгахь вуьсур вара.
9Йилбазмохах а, дарцах а
со дӀалачкъа сихлур вара».
10Хьалдолу Эла, меттанаш э а дай,
къамел карзахдаккхахьа сан мостагӀийн.

Къизалла а, барт цахилар а го суна гӀалахь.
11Дийнахь а, буьйсанна а
цу гӀалин пенаш тӀехула го боху цара.
Цу гӀалахь зуламаш а, баланаш а бу.
12Цунна чохь бохамаш а хуьлу.
Цуьнан майданашкара нахана гӀело яр а,
мекарлонаш лелор а дӀа а ца долу.

13Ткъа сан мостагӀа вац со емалвийриг –
иза-м ас ловр дара.
Суна кураллаш йийриг со цавезарг вац –
цунах-м со къайлавер вара.
14Амма хьо ма ву иза, сан тайпанара верг –
сан уллора доттагӀа, со тешна Ӏаш верг.
15Вайшиммо вовшашка дагара а дуьйцура,
адамийн тобанна юкъахь вайшиъ цхьаьна
Делан цӀийнан керта а воьдура.
16Сан мостагӀашна тӀе цӀеххьана Ӏожалла йогӀийла.
Дийна боллушехь уьш эхарте боьлхийла,
хӀунда аьлча вониг царна юкъахь долуш ду,
вониг церан дегнаш чохь долуш ду.

17Ткъа со-м Деле кхойкхуш ву,
Везачу Эло со кӀелхьар а воккхур ву.
18Суьйранна а, Ӏуьйранна а, делкъахенахь а
со латкъамаш беш а ву, узарш деш а ву,
ткъа Цунна сан аз дӀахезар ду.
19Суна дуьхьал бинчу тӀамах
Цо со маьршачу метте воккхур ву,
суна дуьхьалбевлларш алссам белахь а.
20Азалера дуьйна олалла деш волчу Далла
со дӀа а хезар ву, Цо уьш сийсаз а бохур бу.
Уьш цкъа а хийца ца бели,
хӀунда аьлча уьш Делах кхоьруш бац.

21Сан доттагӀа хиллачо шен накъосташна дуьхьал куьг айдина,
цаьрца ша бина барт цо боха а бина.
22Цуьнан бага даьттанал а кӀеда ю,
амма цуьнан даг чохь мостагӀалла ду.
Цуьнан дешнаш зайтдаьттанал а кӀеда ду,
ткъа уьш, баттара даьхна тарраш санна, ира ду.

23 bХьайн гӀайгӀанаш Везачу Элана тӀеяхка,
ткъа Цо хьо чӀогӀа лоттуьйтур ву.
Шен лаамехь верг Дала
цкъа а дӀасатоьхкуьйтур вац.

24Амма Ахьа, Дела, уьш кӀоргачу эхарта чу туьйсур бу.
Адамийн цӀий Ӏеночара а, мекарлонаш лелочара а
шайна дуьнен чохь яккха еллачу хенан аххан а йоккхур яц.
Ткъа со Хьох тешна Ӏаш хир ву.
Copyright information for CheCAC2012