Psalms 57
Ӏесачарна таӀзар дар доьхуш Деле дина доӀа
1 ▼▼ Корта 57 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 58.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «ХӀаллак ма ве со» олучу мукъамехь лакха езаш ю. И назма Дауда язйина ю. 2Нийсо билггал кхайкхайой те аша, куьйгалхой?ЦӀеначу дегнашца йой теша аша адамашна юкъахь кхел?
3Дегнаш чохь харцонаш кхуллу аша.
Шайн куьйгийн къизалла махкахь узу аша.
4Дуьнен чу бовллушехь, нийсачу некъана тӀера дӀабевлла Ӏесанаш.
Харцдерг а дуьйцуш, ненан кийрара схьабовллушехь, тилабелла уьш.
5Церан дӀовш лаьхьанан дӀовш санна ду.
Иза шен лергаш дӀакъовлуш болчу,
къорачу лаьхьанан дӀовш санна ду.
6Царна ца хеза лаьхьа тебечун аз,
молханаш лелош верг мел говза велахь а.
7Дела! Церан багара цергаш кегъехьа!
Веза Эла! Цу лоьмийн мочхалш атахьа!
8ДӀадоьду хи санна, уьш тӀепаза дӀабойийла.
Шайн Ӏад цара дуьйлича, пхерчий кегделча санна хуьлийла.
9ДӀайоьддушехь, ешна дӀайолу этмаьӀиг санна, дӀабовлийла уьш.
Остаяьллачу зудчун берана санна, царна малх ма гойла.
10Ешна кӀел йогучу коьллех цӀе латале,
ховха я екъа уьш елахь,
йилбазмохо дӀасаяржийна
коьллаш санна уьш хуьлийла.
11Бина бекхам шена гича,
Делан лаамехь волчунна хазахетар хир ду.
Цо Ӏесачун цӀийлахь шен когаш буьлур бу.
12ТӀаккха адамо эр ду:
«Билггал хуьлу Делан лаамехь волчунна стом!
Иштта, волуш ву дуьнен чохь кхел еш волу Дела!»
Copyright information for
CheCAC2012