‏ Psalms 59

Исраилан халкъ кӀелхьардаккхар доьхуш дина доӀа

1
Корта 59 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 60.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «Бертан лили» олучу мукъамехь ала езаш ю. ХӀара хьехаме назма Дауда язйинера,
2ша Арам-НахӀараим-махкахь
Арам-НахӀараим-мохк – иза Месопотама-махкахь къилбаседе-малхбузехьа лаьтташ бара.
а, Цоба-махкахь
Цоба-мохк – иза Сири-махкахь бара, Дамасакх-гӀалина къилбаседехьа.
а арамхошца тӀом бечу хенахь а, Йоаба, цигара юха а вирзина, Дуьрачу тогӀи чохь шийтта эзар эдомхо хӀаллаквинчу хенахь а.
3 dВа Дела! Ахь дӀатесна тхо, Ахь дохийна тхо.
Хьо оьгӀазвахана тхуна – хӀинца юхаметтахӀоттадехьа тхо!
4Ахь латта ластийна, Ахь иза дохийна.
Цуьнан йоьхна меттигаш меттахӀиттаехьа,
хӀунда аьлча иза лесташ ду.
5Ахь Хьайн халкъана къизалла йовзийтина,
тхо дӀасатехкадолуьйту чагӀар малийна Ахь тхуна.
6Хьайга ларамах буьзначарна
Ахьа байракх хьалаайина,
уьш Ӏодах кӀелхьарбовлийтархьама.
7Хьайн аьтту куьйгаца тхо кӀелхьар а дахахьа,
оха деш долу доӀанаш дӀа а хазахьа,
Хьайна безнарш паргӀатбовлийтархьама.

8Дала Шен езачу меттехь аьлла: «Толамах воккха а веш,
Аса Шехем-гӀала а йоькъур ю, Сакхат-тогӀи а дӀасайоькъур ю.
9ГалӀад-мохк а Сан бу, Маннаш-мохк а Сан бу,
Эпрайм-мохк Сан коьртан чӀагӀо ю,
ЯхӀуд-мохк – Сан паччахьаллин гӀаж ю.
10Муаби-мохк – Сан юьхь-куьгдуьлург ю.
Эдом-махкана тӀе Сайн мача кхуссур ю Ас,
иза Сайн хилар дӀагайтархьама.
Хьайн аз айадай, Соьга кхайкха, ПӀелаштам-мохк!»

11ЧӀагӀйинчу гӀали чу хьан воккхур ву со?
Эдом-махкана тӀе хьан вуьгур ву со?
12Тхо дӀатеснарг Хьо-м вац те, ва Дела?
Тхан эскаршца аравер вац те Хьо, ва Дела?
13ГӀо дехьа тхуна мостагӀех тхаьш лардайта,
хӀунда аьлча пайден дац адамашкара хуьлуш долу гӀо.
14Делаца цхьаьна оха толам боккхур бу,
тхан мостагӀий Цо дӀахьошур бу.
Copyright information for CheCAC2012