Psalms 6
Хало тӀееача дина доӀа
1 aЭшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хӀара назма бархӀ мерз болчу пондарца ала еза. 2ТӀех ма деттахьа суна, Веза Эла, Хьо оьгӀазвахханчохь.ТаӀзар ма дехьа суна Хьо дарвеллачохь.
3Веза Эла, къинхетаме хилахьа соьца, со гӀел ма велла.
Сан даьӀахкашка зуз догӀу, товехьа со.
4Дог а ду сан, чӀогӀа гӀайгӀане доьжна.
Мел Ӏан деза те сан Хьоьга сатуьйсуш?
5Юха а валий, Веза Эла, паргӀатдаккхахьа сан са!
Хьайн хедар боцучу безаман дуьхьа кӀелхьарваккхахьа со.
6ХӀунда аьлча эхартехь Хьо цхьанна а дагавогӀур вац,
веллачо Хьуна хастамаш а бийр бац.
7Аса дечу узарша со гӀел а во,
дӀавуьжу мотт аса сайн бӀаьрхишца бус-буса тӀун а бо.
Сан велхаро со вуьжу мотт а башийна.
8ГӀайгӀанехь хиларна сан бӀаьргаш гӀелделла.
МостагӀий бахьанехь уьш телхина догӀу.
9 bДӀадовла уллора, харцонаш лелораш,
хӀунда аьлча дӀахезна Везачу Элана сан велхаран узарш.
10Со Шега кхайкхар дӀа а хезна,
сан доӀанна жоп лур ду Везачу Эло.
11Кхерийна а, эхь хетийтина а хир бу сан массо а мостагӀий.
ЦӀеххьана юха а бирзина, юьхьӀаьржачу хӀуттур бу уьш.
Copyright information for
CheCAC2012