Psalms 60
Синца чӀагӀвар доьхуш дина доӀа
1 ▼▼ Корта 60 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 61.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: хӀара Даудан назма дечиг-пондаршца ала езаш ю. 2ДӀахазахьа, ва Дела, сан деган тийжам,бехьа, сан Дела, сан доӀанан тергам.
3Кхайкхам бо ас Хьоьга кху лаьттан йистера
сайн эшначу дагца.
Сол лекха йолчу тарха тӀе а ваккхий,
дӀахӀоттавехьа со хӀинца,
4со къайлавоккхург а Хьо волу дела,
сан мостагӀашна дуьхьал онда бӀов санна а Хьо волу дела.
5Вехийла со даим а Хьан цӀа чохь,
къайлаволийла со Хьан тӀемаш кӀел.
6Сан Веза Эла, ас йина чӀагӀо дӀахезна Хьуна.
Хьох кхоьруш болчарна догӀучу шеретах дакъа суна а делла Ахьа.
7Паччахьан денош Ахь, Веза Эла, дахдехьа,
тӀаьхьенашкара тӀаьхьене шераш а дахдехьа.
8Хуьлийла и Хьоьца массо а ханна.
Ларвойла Ахь иза Хьайн хедар боцучу безамца а, тешаме хиларца а.
9Эр ду ас даим Хьох лаьцна илли,
кхочушъеш даим айса йина чӀагӀо.
Copyright information for
CheCAC2012