‏ Psalms 62

Деле сатийсар

1
Корта 62 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 63.
bЯхӀуд-махкарчу яьссачу аренгахь ша волуш Дауда аьлла йолу назма.
2Дела! Хьо сан Дела ма ву!
Сан даго Хьо даим а лоьху!
Хьоьга сатуьйсуш ду суна чуьра са а.
Кху даьссачу, дакъаделлачу, хине сатуьйсучу лаьтто санна,
Хьоьга сатуьйсу ас.
3Хьан дезачу цӀа чу хьоьжура со,
Хьан нуьцкъалалла а, сийлалла а гархьама.
4Хьан безам а, дикалла а дахарал гӀоле ду.
Хьо хестош, бага юьззина ас илли эр ма ду.
5Дуьнен чохь со мел веха, Хьо аса хестор ву.
Хьоьга доӀанаш а деш, куьйгаш хьалакхийдор ду.
6Токх кхачано санна, сан са Ахь дузу.
Сайн айдинчу озаца Хьуна ас хастам бо.

7Хьох лаьцна ойла йо ас буьйсанан дакъошкахь,
Хьо дага оьху суна вижинчу хенахь!
8Суна гӀо а Хьоьгара ду,
Хьан тӀемийн ӀиндагӀехь со воккхавеш хир ву.
9Сан са а безамца Хьох дӀа ма хьерча.
ГӀо деш, со дӀалоцу Хьан аьтту куьйго.

10Сан валар лоьхуш берш
лаьттан буха кхочур бу.
11Нуьцкъалчу таррашца эшийна уьш хир бу.
ЧангӀалкхийн ижу хилла, уьш дӀахӀуьттур ма бу.
12Ткъа паччахь а воккхавийр ву
Дала шена деллачух.
Хастамах вузур ву хӀора Делах дуй буург а,
хӀунда аьлча мотт сецна буьсур бу харц мел луьйраш а.
Copyright information for CheCAC2012