‏ Psalms 66

Баркаллин йиш

1
Корта 66 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 67.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: хӀара йиш, хӀара назма, мерз-пондаршца лакха езаш ю.
2Дела вайца къинхетаме хуьлийла,
Цо вай декъал а дойла,
Цо Шен юьхь тӀера серло вайна лепайойла,
3кху лаьттарчу адамашна Хьан некъ бовзийтархьама а,
массо а халкъашна Хьоьгара долу кӀелхьардовлар довзийтархьама а.

4Ва Дела, хастамаш бойла Хьуна халкъаша.
Хастамаш бойла Хьуна массо а халкъаша.

5Самукъа а долийла, хазахетар а хуьлийла къаьмнийн,
хӀунда аьлча Ахь халкъашна тӀехь нийсонца кхел а йо,
лаьттарчу къаьмнашна тӀехь урхалла а до.

6Веза Дела, хастамаш бойла Хьуна халкъаша.
Хастамаш бойла Хьуна массо а халкъаша.

7Лаьтто шен стом белла.
Вайн Дела волчу Дала вай декъалдо.
8Дала вай декъалдо,
лаьттара массо а маьӀӀера адам
Цуьнга болчу ларамах дуьзна хилийтархьама.
Copyright information for CheCAC2012