b Арадаккхар 19:18.

‏ Psalms 67

Сийлахьчу толамна аьлла назма

1
Корта 67 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 68.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: хӀара назма Даудан илли ду.
2Дуьхьалволийла Дела Шен мостагӀашна,
хӀаллакьхуьлийла Цуьнан мостагӀий.
ДӀауьдийла Далла хьалхара Иза цавезарш.
3Мохо дӀасабаржош болу кӀур санна, дӀасабаржабойла Ахьа уьш.
ЦӀеро башош болу балоз санна, хӀаллакьхуьлийла Делан лаамехь боцурш.
4Ткъа Делан лаамехь берш самукъадаьлла хуьлийла.
Далла хьалха̄ дог айаделла а, баккхийбеш а хуьлийла уьш.

5Алалаш иллеш Далла!
Алалаш иллеш Цуьнан цӀарна!
Вазвелаш мархашкахь Лелаш верг!
Цуьнан цӀе Веза Эла ма ю.
Самукъане хуьлийла шу Цунна хьалха̄!

6Байлахь бисинчеран Да а волу,
бисина Ӏачу зударшкахьа ГӀодоккхург а волу
Дела ву Ша къастийна долчу Шен дезачу цӀа чохь.
7Цхьа бисинарш а Дала хӀусамаш чу дӀатарбо.
Тутмакхаш а Дала буржалех паргӀатбоху.
Ткъа Цунна муьтӀахь боцурш яьссачу екъачу арахь ма буьсу.

8Ва Дела! Хьо Хьайн халкъана хьалхаваьлла воьдучу хенахь,
яьссачу арахь Хьо волавелла воьдучу хенахь,
9 bЛатта а дегадора,
стигалш а ешара,
Синай-ламанан Далла хьалха̄,
Исраилан халкъан Далла хьалха̄.
10Беркате догӀа доуьйтура Ахь, Дела,
Хьайн долахь долу латта ницкъ боцуш дисича,
иза юха а чӀагӀ а деш.
11Цу лаьттахь Хьан халкъ дехаш дӀахӀоьттира,
Хьайн диканца мискачунна оьшург латтийра Ахь, Дела.

12Хьалдолу Эла хаам беш вистхилира,
ткъа и хаам дӀасабаржош болу зударий дуккха а бара.
13«МостагӀчун эскарш а, паччахьаш а дӀасауьдуш ма бу».
Ткъа цӀахь бисина зударий еана хӀонс йоькъуш ма бу:
14тӀемаш дети диллина а,
месаш деши диллина а долу и кхокхий.
(Шу, божарий, гӀотанаш юкъахь хиъна хӀунда дисина?)
15Нуьцкъалчу Дала кху лаьттахь паччахьаш дӀасабаржийча,
Ӏаьржачу Цалмун-лам тӀе кӀайн ло диллича санна хеталора.

16Башан-лам – сийлахь лам ма бу!
Дукха лекха баххьаш цунна тӀехь ма ду!
17ХӀунда хьоьжу шу хьегарца, ва лекха лаьмнаш,
Дала Шен бу аьлла къастийначу ломе?
Вехар ву Веза Эла цу лам тӀехь даим.

18Делан сийлахь гӀудалкхаш итт эзарал а алссам ю, эзарнаш а эзарнаш ю.
Царна юккъера Веза Эла Синай-лома тӀера Шен дезачу цӀа чу воьссира.
19 cХьо хьала ма велира цу ламанан боххье,
йийсарехь болчарна хьалха а хӀуттуш.
Адамашкара Ахьа, Веза Эла, совгӀаташ тӀеийцира,
ур-атталла Хьо вехачу шахьарна дуьхьалбевллачийн карара а.

20Декъала ву Хьалдолу Эла,
дахаран мохь денна а тхан метта лелош волу а,
тхо кӀелхьардоху Дела волу а.
21Вайн Дела – кӀелхьардоху Дела ву.
Хьалдолчу Элан карахь ду вайн Ӏожаллех довлар.

22Дала Ша эгор ду мостагӀийн кортош а,
харцонаш лелочийн юькъа месаш йолу хьеш а.
23Везачу Эло ма аьлла: «Башанна тӀера мостагӀий Ас юхаберзор ма бу.
ХӀорда бухара а Ас уьш схьабохур ма бу,
24хьан жӀаьлеша мостагӀийн цӀий чу шайн меттанаш Ӏиттийтархьама а,
хьоьга хьан когаш церан цӀийла бахкийтархьама а».

25Гуш дара, Дела, Хьан сийлахь болар,
сан паччахь волчу Делан Шен цӀа чу валар.
26Хьалхабевлла боьлху эшарш лоькхурш а,
царна тӀаьхьахӀиттина богӀу зурманчаш а.
Ткъа юкъарчу могӀарехь, вотанаш а етташ, мехкарий а ма бу.
27Декъалвелаш Дела тукхамийн гуламехь,
вазвелаш Веза Эла, аша, Исраилан хӀух долчара.
28Хьалхадаьлла догӀу Бен-Яманан жима тайпа.
ЯхӀудхойн элий а богӀу шайн йоккхачу тобанца.
Забулхойн элий а бу напталхойн элашца.

29Ва Дела, омра дехьа Хьайн ницкъаца
Уггар ширачу тептарш тӀехь: Хьан Дала хьуна ницкъ къобалбина.
.
Гайтахьа Хьайн ницкъ, Ахьа хьалха ма-гайттара,
30Ярушалаймехь долчу Хьайн цӀийнехь.
Цу чу Хьуна лерина совгӀаташ дахьар ду паччахьаша.
31ДӀатедехьа Ахьа Мисаран халкъ,
эрзана юкъарчу экханах тераниг
Эрзана юкъара экха – иза, схьахетарехь, Мисар-махкахь лоруш йолу бегемот цӀе йолу дийнат ду.
,
эсий санна долчу халкъашна юкъахь стерчийн бажа санна долу,
шен долахь долчу деших тамаш бийриг.
Цара, кортош охьа а таӀийна, Хьуна шайн дато гӀорзанаш йохьийла.
ДӀасатийсахьа Ахь тӀом безаш долу халкъаш.
32Мисар-махкара богӀур бу векалш.
Кхийдор ду Хьоьга, Дела, хушахоша шайн куьйгаш.

33Лаьттарчу пачхьалкхаша Далла ала иллеш.
Вазве Хьалдолу Эла шайн иллешца!
34Вазве аш дуьне кхуллуш дуьйна стигалшкахь Леларг.
Нуьцкъалчу озаца стигал къекъош къамел до Цо.
35Делан ницкъ хилар къобалделаш!
Исраилан халкъана тӀехь ю Цуьнан возалла.
Мархашна тӀехь ю Цуьнан нуьцкъалалла.
36Дела, кхераме ву Хьо Хьайн цӀа чуьра Хьо вогӀучу хенахь.
Исраилан халкъан Дела!
Ахь ло Хьайн халкъана ницкъ а, чӀагӀо а.

Декъала ву Хьо, Дела!
Copyright information for CheCAC2012