Psalms 68
Орца даккхар
1 ▼▼ Корта 68 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 69.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «Шушаним» олучу мукъамехь ала езаш йолу Даудан назма ю хӀара. 2Ва Дела, кӀелхьарваккхахьа со,хӀунда аьлча сан логге кхаьчна-кх хиш.
3КӀоргачу уьшал чохь висна со,
тӀе ког хӀотто меттиг а яц суна.
Хийн кӀоргене чуваьлла со,
цуьнан чехка дахаро дӀавуьгу со.
4Орцанаш дукха дахарна ца мегачу ваьлла со,
къамкъарг якъаелла сан.
Сайн Деле ладегӀарна,
бӀаьргаш гӀелделла сан.
5 bЦа веза бахьана доцуш, со ца везарш
сан коьртарчу месел а дукха бу.
Харц бахьанашца сан мостагӀий нуьцкъала бу,
ткъа уьш со хӀаллакван гӀерташ бу.
Аса шайгара къола деш яьккхина йоцург,
шайна схьало бохуш, цара со хьийзаво.
6Ва Дела! Хьуна евза сан сонталла а,
сан къинош а Хьох къайла ца девлла!
7Массо а ницкъийн Хьалдолу Эла,
Хьоьга сатийсар долчарна
со бахьанехь эхье хӀума тӀе ма догӀийла.
Исраилан халкъан Дела,
Хьо лоьхуш лелаш берш
соьгахула юьхьӀаьржачу ма хӀуьттийла.
8Хьан дуьхьа лов аса сайна бо тӀехбеттамаш,
дерриг а со, юьхьӀаьржачу а хӀуьттуш.
9Сан вежаршна хийра хета со,
сан ненан кӀенташна геннара хета со.
10 cХӀунда аьлча Хьан цӀийне болчу хьагамо вагош ву со,
ткъа Хьо сийсазвочеран сийсаза дешнаш суна тӀе эгадо.
11Велха а воьлхуш, ас марханаш кхобу,
ткъа и бахьанехь со дола хета.
12Сингаттаман духар сайна тӀе духу аса,
ткъа цара сох лаьцна беламна кицанаш даладо.
13ГӀалин кевнехь хиъна Ӏаш болчара
сох лаьцна ца бешаш къамелаш до,
чагӀар муьйлучара а,
сох буьйлуш, со шайн эшаршна юкъавалаво.
14Ткъа ас, Веза Эла, Хьоьга сайн доӀа до.
Хьайна дика ду аьлла хеттачу хенахь,
Хьайн боккха безам хиларна,
Ахь билггал со кӀелхьарвоккхург хиларна,
дӀахазахьа со.
15Со кӀел ца висийтархьама,
уьшал чуьра хьалаваккхахьа со.
Соьга безам боцучех а,
кӀоргачу хих а кӀелхьарваккхахьа со.
16Чехка доьдучу хине со хьул а ма вайтахьа,
кӀоргачу хине со дӀа а ма кхаллийтахьа,
эхарта чу а вахийтина, иза суна тӀаьххье дӀа а ма къовлийтахьа.
17Хьан безам дика болу дела, Веза Эла, со дӀахазахьа,
Хьан боккхачу къинхетамалле хьаьжжина, соьгахьа схьаверзахьа.
18Хьайн лай волчуьнгахьара Хьайн юьхь Ахь дӀа ма ерзаехьа.
Сихха дӀахазахьа со, хӀунда аьлча со гӀайгӀанехь ма ву.
19Сан синна гергахьа а волий, иза кӀелхьардаккхахьа.
Сан мостагӀех со кӀелхьарваккхахьа.
20Хьуна хаьа со емалвеш хилар а,
сийсазвохуш хилар а, юьхьӀаьржачу хӀиттош хилар а.
Сан берриг а мостагӀий Хьуна хьалха бу.
21Со емалваро сан дог а дохийна,
со холчу а хӀоттийнера.
Аса сайх къинхетам бар лоьхура, амма иза бацара суна.
Аса сайн догъоьцурш лоьхура, амма уьш ца карийра суна.
22 dСан кхачанца цара стим эбира суна,
со хьогах волуш къонза малийра суна.
23 eШаьш дуучу тойнах дӀалоцу бой хуьлийла царна,
цунах гур хуьлийла церан доттагӀашна.
24Царна хӀумма а ца гайта, церан бӀаьргаш кхулийла.
Церан баккъаш гуттаренна а ситтина хуьлийла.
25Царна тӀе Хьайн дералла Ӏанаехьа.
Хьан чӀогӀачу оьгӀазалло дӀалоцийла уьш.
26 fЦеран меттамотт а бассийна хуьлийла,
церан четарш чохь цхьа а ма вехийла.
27Ахь таӀзар диначарна тӀаьхьабевлла лелаш бу уьш.
Ахь лазийначеран баланех лаьцна къамелаш деш бу уьш.
28Церан массо а къинош дӀаяздехьа,
Хьайн кӀелхьарбахаре уьш ма кхачийтахьа.
29 gДийна болчеран тептар тӀера церан цӀераш дӀайовлийла,
Хьан лаамехь болчеран цӀерашца цхьаьна
церан цӀераш ма язйойла.
30Ткъа аса гӀело а хьоьгу, со баланехь а ву.
Дела, Ахь со кӀелхьар а воккхийла, лар а войла.
31Сайн Делан цӀеран сийлалла ас иллешкахь хастор ю,
баркалла аларца ас Иза хьалавоккхур ву.
32Иза Везачу Элана тамехь хир ду,
сагӀина бахьачу старал а,
маӀаш а, бергаш а йолчу старгӀанал а.
33ГӀело хьегначарна иза гур ду, церан самукъадер ду.
Дела лоьхуш дерш, шун дегнаш денлур ду.
34ХӀунда аьлча Везачу Эло мискачаьрга ла а дугӀу,
йийсарехь болу Шен нах Цо дӀа а ца тотту.
35Хастамаш бойла Цунна стигалша а, лаьтто а,
хӀордо а, цу чуьра дийна мел долчу хӀумано а.
36Дала Цийон-лам кӀелхьарбоккхур бу.
Цо ЯхӀуд-мехкан гӀаланаш юхаметтахӀиттор ю.
Цигахь адам даха а хуур ду,
и латта цара шайн дола а доккхур ду.
37И мохк Цуьнан леш болчеран тӀаьхьенна кхочур бу,
Цуьнан цӀе езаш берш цигахь баха ховшур бу.
Copyright information for
CheCAC2012