‏ Psalms 70

Къеначу хенахь ларварх долу доӀа

1
Корта 70 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 71.
Хьоьга, Веза Эла, со ларвойту аса,
юьхьӀаьржачу ма хӀуттийла со цкъа а.
2Хьо бакъ хиларна,
кхерамах паргӀатваккхахьа со.
Хьайн лергаш соьгахьа дерзадай,
кӀелхьарваккхахьа со.
3Муьлххачу а хенахь сан дӀалачкъа йиш йолу тарх санна хилахьа суна.
Ахь дош делла со кӀелхьарваккха, цундела Хьо сан чӀагӀо а, гӀап а ю.
4Сан Дела! Харцо лелочарах кӀелхьарваккхахьа со,
къизачу а, ницкъ бечу а нахах ларвехьа со.
5Хьо сан сатийсар ду, Хьалдолу Эла,
жимачохь дуьйна дегайовхо ю.
6Вичхьана а дагца Хьоьца чӀагӀвелла со.
Ахь ненан кийрара схьаваьккхина со.
Хьо ас гуттар а хестор ву.
7Дукхахболчарна сан дахар тамашийна хета,
хӀунда аьлча Хьо со нуьцкъала Ларвийриг ву.
8Хьан сийлалла хӀора дийнахь хестайо ас,
Хьан возаллех долу дош сан багахь даим ду.
9Со, къанвелча, дӀа ма тасалахь,
сан гӀора дӀадолучу хенахь со-со ма виталахь.
10Сан мостагӀий суна луьйш бу,
со вен ларвеш берш барт беш бу.
11Цара боху: «Дала дӀатесна иза,
тӀаьхьа а довлий, схьалаца иза,
и кӀелхьарваккха цхьа а вац цуьнан».
12Дела! Гена ма валахьа суна.
Сан Дела! Сихха орцахвалахьа суна.
13Сан синна дуьхьал мостагӀалла лелораш,
эхь а хетта, дӀабовлийла,
суна зулам лоьхуш берш
юьхьӀаьржачу хӀиттийтахьа!
14Гуттар а Хьох дегайовхо йолуш а,
Хьуна лерина муьлхха а хастам алсамбоккхуш а хир ву со.
15ХӀора дийнахь Хьан бакъдерг дуьйцуш,
Ахь кӀелхьардахар кхайкхор ду ас,
цуьнан барам суна ца хаахь а.
16Сан Хьалдолчу Элах болу кхаъ бахьаш, вогӀур ву со,
Хьан нийсо ас кхайкхор ю,
Хьан цхьаннан нийсо.
17Дела! Жима волуш дуьйна Ахь нийсачу новкъа ваьккхина со,
Хьан тамашийначу хӀуманех лаьцна хӀинццалц схьадуьйцу ас.
18Къанвелча а, къежвелча а,
дӀа ма тасалахь со, Дела,
кху тӀаьхьенна а, цул тӀаьхьа хин болчарна а
ас Хьан ницкъах лаьцна дийццалц.
19Хьан нийсо, Дела, стигалшка а кхочу,
инзаре гӀуллакхаш дина Ахь.
Дела, мила ву Хьоьга кхочуш?
20Дукха а, луьра а халонаш гойтура Ахь суна,
амма юха а со денвийр ву Ахь,
лаьттан кийрара гӀаттор ву.
21Со юха а тевийр ву Ахь,
сан сийлалла алсам а доккхуш.

22Дечиг-пондарца Хьо хастош, Хьо тешаме хилар дуьйцур ду ас, сан Дела.
Мерз-пондарца Хьох лаьцна назманаш йохур ю, Исраилан Везаниг!
23Ахь кӀелхьардаьккхина сан са доккхадеш ду,
Хьуна хастам беш, сайн багахь ас мукъам бечу хенахь.
24ХӀора дийнахь сан матто Хьан нийсо кхайкхор ю,
хӀунда аьлча суна зулам лоьхуш берш юьхьӀаьржачу хӀиттийна Ахь,
царна эхь а хетийтина Ахь.
Copyright information for CheCAC2012