Psalms 71
Паччахьна тӀера дина доӀа
1 ▼▼ Корта 71 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 72.
Сулиман назма. Ва Дела! Паччахьна Ахьа йийриг санна кхел ян Ӏамадехьа,ткъа паччахьалла дечунна Хьайн нийсо лохьа.
2Хьан адамашна тӀехь нийса паччахьалла дойла Цо,
ур-атталла гӀело хьоьгучу Хьан нахана тӀехь бакъдолу олалла дойла Цо.
3Лаьмнаша адамашна беркат дохьийла,
гунаша царна нийсо йохьийла.
4Халкъана юкъара гӀело хьоьгучарна
цо нийсонца кхел а йойтийла,
мискачун кӀентий цо кӀелхьар а бохийла,
амма ницкъ бийраш цо дӀа а совцабойла.
5Нах Хьуна хьалха ларамах буьзна хуьлийла ▼
▼Ӏебархойн тептар тӀехь: Нах Хьуна хьалха ларамах буьзна хуьлийла. Грекийн гочдар тӀехь: Паччахь вехаш хуьлийла.
,малх а, бутт а мел лаьтта, тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка.
6Иза хуьлийла, буц хьаькхначу бай тӀе догӀу догӀа санна,
лаьттана тӀуналла луш долу догӀанан тӀадамаш санна.
7Цуьнан заманахь нийсо лаьттийла,
бутт дӀабаллалц беркат хуьлийла.
8 cХӀорда тӀера хӀорда тӀе кхаччалц,
Эпрат-хина тӀера лаьттан йисте кхаччалц
цо паччахьалла дийр ду.
9Яьссачу аренашкара бахархой
цунна хьалха охьаоьгур бу,
цуьнан мостагӀаша а лаьттана меттанаш хьоькхур ду.
10Таршашан а, хӀордаца дозуш долчу мехкийн а паччахьаша
цунна йолана хӀума яхьар ю.
Шеба-мехкан ▼
▼Шеба-мохк – иза Ӏаьрбийн махкахь къилбехьа бара.
а, Себа-мехкан ▼▼Себа-мохк – иза ЦӀечу хӀордана малхбузехьа бара.
а паччахьаша ацунна совгӀаташ дахьар ду.
11Массо а паччахьаш цунна хьалха охьатеӀар бу.
Массо а халкъаша цунна хьалхара гӀуллакх дийр ду.
12ХӀунда аьлча орца доккхуш волу мисканиг цо паргӀатвоккхур ву,
гӀо лаца цхьа а воцу гӀело хьоьгург а кӀелхьарвоккхур ву.
13Иза гӀийлачуьнца а, пекъарца а къинхетаме хир ву,
цо мискачеран синош кӀелхьардохур ду.
14ГӀело ярх а, ницкъ барх а цо церан синош лардийр ду,
цунна церан цӀий деза хетар ду.
15Паччахь дукха вехийла!
Шеба-махкара деши цунна лойла.
Массо а хенахь цунна тӀера доӀанаш дойла.
Дийнахь сарралц иза декъал а войла.
16Лаьттахь кӀа шорта хуьлийла.
Лаьмнийн лакхенашкахь иза дӀасалестийла.
Цуьнан стоьмаш, Ливанунехь санна, дукха хуьлийла.
ГӀалара адамаш, аренгара буц санна, дебийла.
17Абаденналц цуьнан цӀе йиц ма лойла.
Дуьненахь малх мел кхета иза цӀеяхана хуьлийла.
Цуьнан цӀарах халкъаша вовшийн декъалдойла.
Царна массарна а иза декъалвина хетийла.
18Хастам бу Везачу Далла, Исраилан халкъан Далла!
Веккъа Иза ву тамашийна гӀуллакхаш кхуллург.
19Цуьнан сийлаллин цӀарна абаденналц хастам бойла.
Цуьнан сийлаллех дерриг дуьне а дузийла.
Амин! Амин! 20Юшайн кӀентан Даудан доӀанаш чекхдевли.
Copyright information for
CheCAC2012