Psalms 72
КхоалгӀа тептар
(72–88)
Делан нийсо
1 ▼▼ Корта 72 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 73.
Асайпан назма. Мел дика ву Дела Исраилан халкъаца,дог цӀена болчаьрца!
2Амма сох лаьцна аьлча, сан ког шарша гергга бара,
некъа тӀехь гӀулч а йоккхуш, галвала со гергга вара.
3Ӏесачеран аьтто балар сайна гича,
дозаллаш дечаьрга сан хьагӀ хуьлура.
4Шаьш дӀакхалххалц цара баланаш а ца хьоьгу,
церан догӀмаш могуш а хуьлу ▼
▼Я иштта: Цара баланаш а ца хьоьгу, уьш могуш а, ницкъ болуш а хуьлу.
.5Адамийн гӀайгӀанашкахь цара дакъа а ца лоцу,
кхиболчу наха санна, цара гӀело а ца хьоьгу.
6Цундела, коча ухкучу туьтеша санна,
куралло дӀалаьцна уьш,
тӀедухучу духаро санна,
къизалло дӀахьулбина уьш.
7Берстина хьера а бевлла, къинош летадо цара,
церан дегнаш чохь йолу ойланаш мекара ю.
8Кхардамца кхечарах лаьцна вон къамелаш до цара.
Дозаллаш дарца нахана гӀело яран ойланаш йо цара.
9Цара шайн баганаш стигалшка хьала а йохуьйту,
церан меттанаш лаьттахула дӀаса а даьржа.
10Цундела цара дечунна тӀедоьрзу Цуьнан халкъ а,
цара лелочух кхоччуш ша дуза а деш.
11Цо олу: «Далла и муха хуур ду?
Веза Воккхачунна иза хуийла а дуй те?»
12Иштта бу и Ӏесанаш!
Цхьана а хӀуманан гӀайгӀа ца ешшехь,
церан хьал алсамдолу.
13Ас сайн дагахь элира: «ТӀаккха аса сайн дог цӀандар а,
сайн куьг цӀена леладар а эрна хилла те?
14Дийнахь сарралц соьга Ӏазап а хьоьгуьйту,
хӀора Ӏуьйранна суна таӀзарш а дойту».
15Ткъа: «Ас цу тайпана къамел дийр ду», – ас аьллехьара,
Хьан берийн тӀаьхьенна хьалха со бехке хир вара.
16Ас ойла йора, со цунах муха кхетар вара те бохуш.
Амма суна цунах кхета хала дара,
17Делан цӀийнан керта а вахана,
Ӏесачеран кхолламах со кхетталц.
18Бакъду, ког шершачу меттиге дӀа а хӀиттийна,
Ахь уьш тӀепаза бойуьйтур бу.
19Ма сиха хӀаллакьхуьлу уьш,
къемат тӀедарца чекхбовлу уьш.
20Самабевлча, дӀадовш долу гӀан санна хуьлу уьш, Хьалдолу Эла.
Сама а ваьлла, царах хилларг а дицдийр ма ду Ахь.
21Сан дог гӀайгӀане хиллачу хенахь,
сан са карзахдаьллачу хенахь,
22сонта а вара, кхеташ а вацара со.
Хьуна хьалха бежана санна вара со.
23Амма гуттара а Хьоьца ву со.
Ахь аьтту куьйга дӀалоцу со.
24Хьайн хьехарца дахарехь дӀанисво Ахь со,
цул тӀаьхьа Хьайн сийлалле дӀаоьцур ву Ахь со.
25Хьо воцург мила ву суна стигалахь?
Хьо воцург цхьа а ца оьшу лаьттахь.
26Сан дегӀ а, сан дог а ца мегачу даьллехь а,
Дела – сан деган чӀагӀо а ю,
абаденналц сан дакъа а ду.
27ХӀунда аьлча шаьш Хьуна гена бохурш хӀаллакьхуьлу.
Хьайна тешаме воцу хӀорра а Ахь хӀаллакво.
28Ткъа сох лаьцна аьлча, суна-м дика ду Далла гергахь хилар.
Со ларваран меттиг йира ас Хьалдолчу Элах.
Хьан дерриг а гӀуллакхаш ас дӀакхайкхор ду.
Copyright information for
CheCAC2012