‏ Psalms 74

Дела – кхелахо ву

1
Корта 74 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 75.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «ХӀаллак ма ве со» олучу мукъамехь ала езаш ю. Асайпан назма.
2Хастам бо оха Хьуна, Дела.
Хьан цӀе уллохь хиларна Хьуна хастам бо.
Адамаша Хьан тамашийначу гӀуллакхех лаьцна дуьйцу.
3Ахьа боху: «Хан билгал а яьккхина,
Ас нийсонца йолу кхел хоржур ю.
4Латта дӀасалесташ хилча а,
цунна тӀехь мел бехаш берш кхерамехь хилча а,
цуьнан бӀогӀамаш чӀагӀдийриг Со ма ву.
5Курабевллачаьрга Ас боху: „Кура ма дийла“,
ткъа Ӏесачаьрга: „Шайн ницкъах дозалла ма де,
6стигална дуьхьал шайн ницкъах дозалла ма де,
кура корта а айина, деза детташ ма дийца“».
7ХӀунда аьлча малхбалера а, малхбузера схьа а,
я яьссачу аренгара схьа а дац стеган лекха хилар,
8амма Дела ву Кхелахо:
Цо цхьаъ охьатаӀаво, ткъа важа лакхавоккху.
9Везачу Элан карахь цхьа кад бу,
иза бецаш тоьхна кхехкаш болчу чагӀарх буьзна бу.
Лаьттан массо а Ӏесачарна Цо оцу кеда чуьра Ӏанадо,
ткъа цара бухахь йолчу букъаршца цхьаьна дӀамер ду и чагӀар.

10Аса-м Дала мел дийриг даим дуьйцур ду.
Якъубан Далла Аса хастамаш бийр бу.
11Ӏесачеран ницкъ Цо дӀабоккхур бу,
амма Цуьнан лаамехь болчеран ницкъ чӀагӀбийр бу.
Copyright information for CheCAC2012