‏ Psalms 75

Дела – толамхо ву

1
Корта 75 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 76.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: мерз-пондаршца лакха езаш ю. Асайпан назма.

2ЯхӀудан халкъана юкъахь Дела вевзаш ву,
Цуьнан цӀе исраилхошна юкъахь лоруш ю.
3Цуьнан четар Шалейм-гӀалахь ду,
Иза Ӏаш волу меттиг Цийон-лам тӀехь ю.
4Цигахь кегдина Цо стелахаьштиг санна долу пхерчий а,
турсаш а, тарраш а, иштта берриг а тӀеман гӀирс а бохийна.
5Серлонехь а лепаш, Хьайн паччахьалла гойтуш ву,
тӀехь ижу Ахь яьккхинчу лаьмнашкара Хьо вуссуш ву.
6Майра мостагӀий хӀонс яьккхина богӀу,
Ӏожаллин наб кхетта уьш Ӏохкуш бу.
Массо а оцу тӀемалошка шайн куьйгаш
тӀом бан хьала ца айало.
7Хьан оьгӀазе аз дӀахезча, ва Якъубан Дела,
говраш а, церан дошлой а, Ӏадийна, белла.

8Массо а нах Хьох кхоьруш латта беза, Дела.
Хьуна хьалха мила латталур ву, Хьо оьгӀазвахча.
9Стигалара схьа кхел кхайкхийна Ахьа.
Латта, кхераделла, дӀатийна,
10Хьо, Дела, кхел ян гӀаьттича,
дуьнен тӀехь гӀело мел хьоьгург кӀелхьарваккхархьама.
11Бакъду, адамашна йолчу Хьан оьгӀазлоно
Хьуна хастамаш бойтур бу.
Хьайн дералла, духар санна, Ахь тӀеюхур ю.
12Шайн Везачу Далла хьалха чӀагӀонаш а е, уьш кхочуш а е.
Гонах мел долчу къаьмнаша совгӀаташ дохьийла шаьш кхера Дезачунна.
13Цо элийн синош дохадо,
лаьттара паччахьаш кхерабо.
Copyright information for CheCAC2012