Psalms 76
Бохам тӀебеача догъэцар
1 ▼▼ Корта 76 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 77.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Ядутуне. Асайпан назма. 2Сан аз Деле кхойкхуш ду, Цуьнга орца а дохуш.Сан аз Деле кхойкхуш ду, Цунна со дӀахазийтархьама.
3Бала тӀебеанчу дийнахь со Хьалдолу Эла лохуш ву.
Буьйсанна сайн ши куьг саццаза дӀасадохуьйту ас,
амма сан са шена синтем барх къаьхка.
4Дела дага а оьхуш, ас узарш до.
Ойланаш а еш, сан са доьхна ду.
5Ахьа соьга ши бӀаьрг дӀа ца къовлуьйту,
гӀайгӀанехь хиларна, вист а ца хилало со.
6ДӀадаханчу денойх лаьцна ас ойла йо,
тохарлера шераш суна дагаоьху.
7Буьйсанна сайн иллеш дагаоьху суна,
ойла а еш, сан сино хоьтту:
8«Массо а ханна дӀатеттина те со Хьалдолчу Эло,
кхин цкъа а резахир вуй те Иза?
9Цуьнан хедар боцу безам гуттаренна а дӀабаьлла те,
Цуьнан ваӀда массо а тӀаьхьенашна дӀадаьлла те?
10Шен дикалла гайтар Дала дицдина те?
ОьгӀазаллица Шен къинхетам дӀачӀаьгӀна те?»
11Ткъа ас элира: «ХӀара бу сан бала:
Веза Воккха Дела тхан дуьхьа кхин цалелар».
12Сайна дагадоуьйтур ду ас Везачу Элан гӀуллакхаш,
дагадоуьйтур ду ас Ахьа дӀаяханчу заманахь дина тамашийна хӀуманаш.
13Со кхета хьожур ву дерриг а Хьан гӀуллакхех,
ойла йийр ю ас Хьан сийлахьчу гӀуллакхех лаьцна.
14Дела! Беза бу Хьан некъ.
Мила ву иштта сийлахь Дела, тхан Дела санна!
15Хьо тамашийна гӀуллакхаш деш волу Дела ву,
Хьайн ницкъ къаьмнашна юкъахь гойтуш а ву.
16Хьайн ницкъаца Ахьа Хьайн халкъ кӀелхьардаьккхина,
Якъубан а, Юсупан а тӀаьхье.
17Хишна Хьо гина, ва Дела,
Хьо ган а гина, уьш кхераделла,
кӀорга хӀорд а лестина.
18Мархаша хи охьаоьхуьйтура,
стигал а яра къекъаш,
Хьан пхерчий а дара кхуьссуш.
19Хьан къовкъаран аз мохехь дара схьахезаш.
Дуьне ткъесо серладохура,
латта, меттахдуьйлуш, дегош дара.
20Хьан некъ хӀорда юккъехь бу,
доккхачу хишна юккъехула дӀабоьду Хьан некъ,
амма Хьан лараш ца гинера.
21Жа санна, дӀадуьгура Ахьа Хьайн халкъ
Мусан а, АхӀаронан а куьйгаца.
Copyright information for
CheCAC2012