b Арадаккхар 25:22.

‏ Psalms 79

Халкъ юхаметтахӀоттор дехаран доӀа

1
Корта 79 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 80.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «Бертан лили» олучу мукъамехь ала езаш ю. Асайпан назма.
2 bИсраилан халкъан Ӏу, ладогӀахьа!
Юсупан тӀаьхье, жа санна, дӀадуьгуш верг,
каруб-маликашна тӀехула йолчу Ӏаршана тӀехь хиъна Ӏаш верг,
Хьуо гайтахьа
3Эпраймана а, Бен-Яманна а, Маннашана а
Эпрайм а, Маннаш а – Юсупан ши кӀант вара. Ткъа Юсуп а, Бен-Яман а – Рахьалан ши кӀант вара, ткъа Рахьал – Якъубан цунна зударех дукхаезаш ерг яра.
хьалха.
Схьагайтахьа Хьайн ницкъ,
тхо кӀелхьардаха волахьа.

4Дела! ЮхаметтахӀиттадехьа тхо.
Хьайн юьхь тӀера серло тхуна лепийтахьа,
тӀаккха тхо кӀелхьардаьхна хир дара.
5Ва массо а ницкъийн Веза Дела!
Хьан халкъо деш долчу доӀанашна
оьгӀаз а вахана, мел Ӏийр ву те Хьо?
6Ахьа Хьайн халкъана бӀаьрхих дуьзна бепиг даийна,
дуккха а бӀаьрхиш а малийна Ахьа цунна.
7Уллора къаьмнаш тхоьца эгӀийра Ахь,
тхан мостагӀий тхох кхаьрдаш бу.

8Массо а ницкъийн Дела! ЮхаметтахӀиттадехьа тхо.
Хьайн юьхь тӀера серло тхуна лепийтахьа,
тӀаккха тхо кӀелхьардаьхна хир дара.

9Ахьа Мисар-махкара кемсийн таьлланг схьаеара,
халкъаш дӀа а лаьхкина, и таьлланг дӀаюьйгӀира Ахьа.
10Цуьнан дуьхьа меттиг дӀацӀанйина Ахьа,
ткъа цо шен орамаш охьадахийтира,
иштта латта хьаладуьзира.
11Лаьмнаш цуьнан ӀиндагӀо дӀахьулдира,
цуьнан гаьннаша сийлахь баганан-дитташ кхелира.
12Цу таьлланго шен гаьннаш Дуьненаюккъерачу хӀордана тӀе кхаччалц дӀадахийтина,
иштта шен синтарш а Эпрат-хина тӀе кхаччалц дӀадахийтина.
13ХӀунда яьккхина Ахьа цу кемсийн бешана гонахара керт дӀа?
ХӀинца цигахула тӀех мел волучо а цуьнан стоьмаш схьадоху.
14Неларчаша а йохайо иза,
аренгарчу акхароша а иза йоу.

15Массо а ницкъийн Дела! Схьаверзахьа!
Стигалара схьахьажахьа, тидам бехьа!
ХӀокху кемсийн бешан гӀайгӀа бехьа!
16Хьайн аьтто куьйго дӀадийначун гӀайгӀа бехьа,
Ахьа Хьайн дуьхьа чӀагӀдина долу синтаран а гӀайгӀа бехьа.

17МостагӀаша иза, каг а дина, цӀарца дагийна.
ОьгӀазечу юьхьца цаьрга хьажахьа, уьш хӀаллакбехьа.
18Хьайн куьг, Дела, Хьайна аьтту агӀор волчу стагана тӀе диллахьа,
Айхьа ницкъ болуш хилийтинчу адаман кӀантана тӀе диллахьа Хьайн куьг.
19ТӀаккха тхо Хьох дӀадоьрзур дац.
Тхо дендехьа, тӀаккха Хьоьга кхойкхуш хир ду тхо.

20Массо а ницкъийн Веза Дела! ЮхаметтахӀиттадехьа тхо.
Хьайн юьхь тӀера серло тхуна лепийтахьа,
тӀаккха тхо кӀелхьардаьхна хир дара.
Copyright information for CheCAC2012