Psalms 8
Делан сийлалла а, адаман сий а
1Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хӀара назма Гати-гӀалара схьаяьллачу эшаран мукъам балош болчу гӀирсаца ала еза. 2Ва Веза Эла! Тхан Хьалдолу Эла!Ма сийлахь ю Хьан цӀе дерриге а лаьтта тӀехь!
Стигалшкахь дӀахӀоьттина ду Хьан сий!
3 aКегийчу берийн а, декхаш долчу берийн а багахула.
ГӀап дӀахӀоттийра Ахьа ▼
▼ГӀап дӀахӀоттийра Ахьа – Грекийн гочдар тӀехь: хастамаш байтира Ахьа.
, Хьайн мостагӀий бахьана долуш.Хьуна дуьхьалбевлларш а, бекхам бийраш а дӀасовцорхьама дира Ахьа иза.
4Ахь кхоьллинчу стигалшка со хьалахьаьжча,
цу тӀехь Ахь шен-шен метте дӀахӀиттийна
буттий, седарчий го суна.
5 cСтаг мила ву, Хьан цуьнан бала кхача?
Адаман кӀант мила ву, Ахьа цуьнан гӀайгӀа бан?
6Стигалийн гуламан декъашхойл
дукха лах ца дина Ахь адам,
сийлаллин таж а делла, вазвина Ахь иза.
7 dАхь адам олалла дан дӀахӀоттийна
Айхьа кхоьллинчу массо а хӀуманна тӀехь.
Ахь адаман когашка диллина доллу хӀума а:
8уьстагӀий а, бежанаш а, иштта акхарой а,
9стигалара олхазарш а,
хӀорда чуьра чӀерий а,
хӀорда чохь мел лела садолу хӀума а.
10Ва Веза Эла! Тхан Хьалдолу Эла!
Ма сийлахь ю Хьан цӀе дерриге а лаьтта тӀехь!
Copyright information for
CheCAC2012