‏ Psalms 81

Уггар лекха куьйгалхо волу Дела

1
Корта 81 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 82.
Асайпан назма. Дела коьртехь дӀахӀутту стигалан гуламехь.
Гуламан декъашхошна юкъахь Цо Шен кхел кхайкхайо.
2«Мел лелар ду те шу, харцкхелаш еш?
Мел лелар ду те шу, Ӏесачарна озабезам а беш?
3ГӀийлачеран а, байн а бакъонаш ларъе,
къенаш а, мисканаш а бехказабаха.
4ГӀийланаш а, мисканаш а кӀелхьарбаха.
Уьш Ӏесачу нехан карара схьабаха.

5Шуна хӀумма а ца хаьа, шу ца кхета,
шу боданехь санна лелаш ду,
шун когаш бухара латта леста.

6 bАс элира: „Шу деланаш ду,
Веза Воккхачун кӀентий а ду шу дерриш а“.
7Амма шу лийр ду, адамаш санна,
шу хӀаллакьхир ду, муьлхха а куьйгалхо санна».

8ХьалагӀатта, Дела, кхел е дерриг а лаьтта тӀехь,
хӀунда аьлча дерриге а къаьмнаш Хьан долахь ду.
Copyright information for CheCAC2012