Psalms 82
МостагӀий эшорах лаьцна доӀа
1 ▼▼ Корта 82 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 83.
Асайпан назма. 2Дела! Вист ца хуьлуш ма висахьа,къора а, хӀумма а ца деш ма хилахьа, Дела.
3Хьажахьа, Хьан мостагӀий бу карзахбевлла,
Хьо ца везачу цара шайн кортош хьалаайина.
4Хьан халкъана дуьхьал цара мекара ойланаш йо.
Хьуна дукхабезаш болчарна дуьхьал а къайлаха барт бо.
5Цара олу: «Даха а гӀой, церан къам хӀаллакде вай,
кхин цкъа а Исраилан халкъан цӀе дага ца яийтархьама».
6Берриш а вовшех дагабовлу,
цара Хьуна дуьхьал барт бо:
7эдомхой а, исмаьӀалхой а,
муабахой а, хӀагирхой а,
8гебалхой а, Ӏамминхой а, Ӏамалекхахой а,
Цора-гӀаларчу бахархошца цхьаьна пӀелаштамхой а.
9Ашур-мохк а царна тӀаьхьахӀоьттина,
ЛутӀин тӀаьхьенна гӀортор хилла, дӀахӀоьттина иза.
10 bДехьа царна Айхьа маданхошна диннарг,
Айхьа Къишун-хина уллохь Сисрина а, Ябинна а диннарг.
11Уьш Ӏейндарахь байинера,
ткъа церан декъех лаьттан кхелли хиллера.
12 cЦарна а, церан куьйгалхошна а Айхьа Ӏорабна а, Зиабна а диннарг дехьа,
церан массо а элана а Айхьа Зебахьна а, ЦалманаӀна а диннарг дехьа,
13«Делан долахь долу латта
вайн дола доккхур ду вай», – аьлла болчу.
14Сан Дела! Йилбазмохана дуьхьал нисъелла чан санна хуьлийла уьш,
мохана дуьхьал нисделла ча санна а хуьлийла уьш.
15ЦӀаро ягош йолу хьун,
алуно морцуш долу лаьмнаш санна,
16Хьайн дарцаца лахкахьа уьш,
Хьайн йилбазмохаца кхерабехьа уьш.
17Уьш юьхьӀаьржачу хӀиттабехьа, Веза Эла,
Хьайга кхайкхийтархьама.
18ЮьхьӀаьржачу а хӀиттина, боьхна лелийла уьш гуттар а,
эхь а доьссина, хӀаллакьхуьлийла уьш.
19Шен цӀе Веза Эла йолуш волу Хьо бен Воцург,
дерриге а лаьтта тӀехь Веза Воккханиг хилар дӀахоийла царна.
Copyright information for
CheCAC2012