‏ Psalms 84

Къомана диканиг дар доьхуш долу доӀа

1
Корта 84 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 85.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Кхорахьан тӀаьхьенан назма.
2Веза Эла! Хьайн махкана диканиг дина Ахьа,
Якъубан тӀаьхье юхаметтахӀоттийна Ахьа.
3Хьайн халкъан зуламна геч а дина Ахьа,
церан къинош къайла а даьхна Ахьа,
4Хьайн оьгӀазвахар а Ахьа дӀадаьккхина,
Хьайн къизачу дераллех а Хьо дӀавирзина.

5Дела, тхан КӀелхьардохург, тхо юхаметтахӀиттадехьа,
тхуна тӀехь йолу Хьайн дералла дӀаяккхахьа.
6Массо а ханна ю те Хьан оьгӀазалла,
тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка а хир ю те Хьан оьгӀазалла?
7Тхо юха дендийр дац те Ахьа,
Хьайн халкъ юха а Хьо бахьана долуш доккхадейта?
8Гайтахьа тхуна, Веза Эла, Хьайн хедар боцу безам,
Хьайн кӀелхьардаккхар а лохьа тхуна.

9ЛадугӀур ду аса Везачу Дала бохучуьнга.
Цо машар бийр бу Шен халкъаца, Шена тешаме болчаьрца,
юха а тила ма лойла уьш.
10Цунна хьалха ларамах буьзна берш
Цо кӀелхьарбахар герга ду,
Цуьнан сийлалла вайн лаьттахь хилийтархьама.

11Безам а, тешаме хилар а вовшахкхетар ду,
нийсоно а, маршоно а вовшашна барташ дохур ду.
12Тешаме хилар лаьттара хьаладер ду,
нийсо стигалара схьа охьахьоьжур ю.
13Везачу Эло беркат лур ду,
ткъа лаьтто шен стом кхиор бу.
14Нийсо Цунна хьалхаяьлла лелар ю,
цо Везачу Элана некъ кечбийр бу.
Copyright information for CheCAC2012