Psalms 85
ГӀо доьхуш долу доӀа
1 ▼▼ Корта 85 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 86.
Даудан доӀа. Веза Эла, ладогӀахьа сан доӀане,тахана гӀийла а, миска а ву со.
2Кхоадехьа сан са, Хьуна тешаме ма ву со.
Хьайх дегайовхо йолу Хьайн лай кӀелхьарваккхахьа, сан Дела.
3Къинхетам бехьа сох, Веза Эла,
дийнахь сарралц Хьоьга кхойкху ас.
4Хазахетар лохьа Хьайн лена,
Хьоьга кховдадо ас сайн са, Веза Эла.
5Хьо дика а ву, гечдан кийча а ву, Хьалдолу Эла,
Хьайга кхойкхучаьрца массаьрца а бу Хьан хедар боцу безам.
6Веза Эла, сан доӀа а хазий,
сан дехаршка ладогӀахьа.
7Доьхначу дийнахь кхойкху ас Хьоьга,
Ахь суна жоп лур долу дела.
8Деланашна юкъахь Хьо саннарг вац, Хьалдолу Эла,
Хьайнаш санна гӀуллакхаш а дац.
9 bАхь кхоьллина халкъаш, схьа а даьхкина,
Хьуна хьалха̄ охьатаьӀар ду, Хьалдолу Эла,
цара хастор ю Хьан цӀе.
10Дела, Хьо воккха ву,
Ахь до инзаре хӀуманаш.
Хьо цхьаъ бен Дела вац.
11Хьайн новкъа ваккхахьа со, Веза Эла,
Хьуна тешаме волуш лелар вара со.
Сан дог кхоччуш Хьайх кхерийтахьа.
12Даггара Хьо хестор ву ас, сан Веза Дела,
Хьан цӀеран сий дийр ду ас даим а,
13хӀунда аьлча соьга болу Хьан хедар боцу безам боккха бу,
эхартах сан са кӀелхьардаьккхи Ахь.
14Дела! Кура нах бевлла суна дуьхьал,
зуламхойн гӀера ю сан са лоьхуш.
Хьоьга ларам бац церан.
15Амма, Хьалдолу Эла, Хьо дика а, къинхетаме а,
атта оьгӀаз ца воьдуш а,
тешаме а, боккха безам болуш а ву.
16Соьга хьажий, сох къинхетам бехьа.
Хьайн лена Хьайн ницкъ лохьа,
Хьайн гӀарбашан кӀант кӀелхьарваккхахьа.
17Хьайн диканах йолу билгало гайтахьа суна,
со ца везачарна, иза ган а гина, эхь хетар ду, Веза Эла,
хӀунда аьлча Ахь гӀо дина суна, Ахь тевина со.
Copyright information for
CheCAC2012