Psalms 88
Къам холчу хӀоьттинчу ханна лерина йолу назма
1 a ▼▼ Корта 88 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 89.
Ӏезарахьахо волчу Этанан хьехаме назма. 2Хьан хедар боцучу безамах лаьцна, Веза Эла,ас даим а назманаш бохур ю,
Хьан тешаме хиларх лаьцна
массо а тӀаьхьенашкахь Аса сайн багахула дӀахоуьйтур ду.
3Ас боху: «Хьан хедар боцу безам абаденналц дӀахӀоттийна,
Хьайн тешаме хилар Ахь стигалшкахь дӀахӀоттийра».
4Ахь элира: «Ас барт бина Айса хаьржинчу паччахьца,
Ас чӀагӀо йина Сайн ялхо волчу Даудана:
5 c„Абаденналц Аса хьан тӀаьхьенах стаг паччахь вина дӀахӀоттор а ву,
массо а тӀаьхьенашкахь хьан паччахьан гӀант Аса лоттуьйтур а ду“».
6Веза Эла, Хьан тамашийначу хӀуманашна стигалша хастам бо,
Хьан тешаме хилар а Хьан дезачу маликийн гуламехь хастадо.
7ХӀунда аьлча мила ву стигалшкахь Везачу Элаца нисвала?
Мила ву стигалан бахархошна юкъахь Везачу Элаца нисвала?
8Делан дезачу маликийн гуламан декъашхой Цунах кхоьру,
массо а Цунна гонах болчарал Иза ларамах бузуьйтуш ву.
9Ва массо а ницкъийн Веза Дела!
Мила ву Хьо санна ницкъ болуш, Веза Эла?
Хьан тешаме хилар Хьуна гонах ду.
10Ахьа олалла до карзахбаьллачу хӀордана тӀехь:
цуьнан тулгӀенаш хьалаюьйллушехь, Ахь уьш совцайо.
11ХӀордан саьрмик РахӀаб, эшийнарг санна, хьаьшна Ахьа,
Хьайн ондачу куьйгаца Хьайн мостагӀий а дӀасабаржийна Ахьа.
12Стигалш а, латта а Хьан ду.
Дерриг а дуьне а, цунна чохь мел дерг а Ахьа дӀахӀоттийна ду.
13Къилбаседехьа а, къилбехьа а ерг Ахьа кхоьллина.
Табур-лам а, Хьермон-лам а Хьуна баккхийбеш бу.
14Ницкъ болуш бу Хьан пхьарс,
Хьан куьг ма онда ду,
Хьан аьтту куьг толаме ду!
15Нийсо а, бакъдерг а ду Хьан паччахьан гӀантана бух хилла дӀахӀоьттинарг.
Безам а, тешаме хилар а ду Хьуна хьалхадаьлла лелаш.
16Декъала ду Хьуна хастамаш бан хиъна долу къам.
Хьан юьхьан серлонехь лелаш ма бу уьш, ва Веза Эла.
17Хьох уьш дерриг а дийнахь сакъералуш хуьлу,
Хьо нийса хиларна уьш баккхийбеш а хуьлу.
18ХӀунда аьлча Хьо церан ницкъ а, сийлалла а ву,
Хьо дика хиларна, Ахь тхуна толамаш а ло.
19Везачу Элера ду тхан турс,
Исраилан халкъан Везачуьнгара ву тхан паччахь.
20Цкъа мацах, сурт хӀотточу хенахь, Хьайна тешамечу нахе Ахь элира:
«Доьналла долчунна Ас гӀо дира,
нахана юкъара верг Аса хьалаайира.
21 dСан ялхо волу Дауд кара а вина, Ас цунах паччахь вира,
цунна тӀе Сайн деза даьтта а дуттуш, Аса иза къобалвира.
22Сан куьйго цунна ницкъ а лур бу,
Сан пхьаьрсо иза чӀагӀ а вийр ву.
23МостагӀа цул тоьлур вац,
вочу наха цунна гӀело а йийр яц.
24Ас цунна хьалха мостагӀий эшор бу,
иза цавезарш хӀаллак а бийр бу.
25Сан тешам а, Сан безам а цуьнца хир бу,
Со цуьнца хиларна, цо толамаш бохур бу.
26Ас цуьнан куьг хӀордана тӀе дуьллур ду,
хишна тӀехула цуьнан аьтту куьг а дӀадохуьйтур ду ▼
▼ХӀордана тӀе – кхузахь: Дуьненаюккъера хӀорд. Хишна тӀехула кхузахь: Эпрат-хи.
.27Цо Соьга эр ду: „Хьо – сан да а, сан Дела а ву,
со кӀелхьарвоккхур волу тарх а ю“.
28 fАс цунах Сайн дуьххьарлера доьзалхо вийр ву,
иза дуьнен чохь болчу массо а паччахьел лекха а хир ву.
29Цуьнца болу Сан безам абаденналц хир бу,
Ас цуьнца бина барт массо а ханна чӀагӀбийр бу.
30Цуьнан тӀаьхье Ас гуттаренна а латтор ю,
стигал мел лаьтта, лаьттар ду цуьнан паччахьан гӀант а.
31Нагахь цуьнан тӀаьхьено товрат-хьехам битахь,
я уьш Аса тӀедехкинаршца ца лелахь,
32нагахь Сан парзаш цара дохадахь,
я Сан весеташ цара лар ца дахь,
33цара лелийначу зуламна Ас гӀожаца таӀзар дийр ду,
цара летийначу къиношна еттарца Ас таӀзар дийр ду.
34Ткъа Сайн цаьрга болу безам Ас царах боккхур бац,
Сайн царна леринчу тешаме хиларх Со дӀавоьрзур вац.
35Цаьрца Айса бина барт Аса бохор бац,
Сайн багахула дӀааьлларг хуьйцур а дац.
36Гуттаренна а цкъа Сайн возаллех Ас чӀагӀо йина:
Дауде Аса цкъа а харцдерг дуьйцур дац.
37Цуьнан тӀаьхье массо а хенахь хир ю,
ткъа цуьнан тӀаьхьенан паччахьалла лаьттар ду,
стигалахь малх мел лепа.
38Иза хир ю абаденналц дӀахӀоттийна болу а,
стигалшкахь тешаме теш болу а бутт санна».
39Амма Хьан паччахь Ахь цавашарца дӀатеттина, Айхьа къобалвинчунна Хьо оьгӀазвахана.
40Хьайн ялхочуьнца бинчу бартах Хьо дӀавирзина,
цуьнан таж а лаьттах тоьхна Ахьа.
41Цуьнан гӀалин массо а пенаш дохийна Ахьа,
цуьнан чӀагӀонаш, саьлнаш йина, дӀахӀиттийна Ахьа.
42Массо а тӀехволучо цунна къола до,
шен лулахошна хьалха беламе хилла дӀахӀоьттина иза.
43Цуьнан мостагӀашка Ахьа цунна тӀехь толам баккхийтина,
Ахь цуьнан мостагӀийн сакъерадалийтина.
44Цуьнан туьран иралла Ахьа артйина,
цунна тӀамехь гӀо а ца дина.
45Паччахьан сийлалла а цуьнгара схьаяьккхи Ахьа,
цуьнан паччахьан гӀант а лаьтта охьадожий Ахьа.
46Цуьнан жималлин шераш дацди Ахьа,
цунна тӀе юьхьӀаьржо а йоссийти Ахь.
КӀелхьарваккхаран доӀа
47Дукха лаьттар вуй те Хьо, Веза Эла, къайлаваьлла? Дукха лаьттар юй те Хьан оьгӀазвахаран алу?48Дагадаийтахьа, мел доца ду сан дахаран денош.
Эрналлин дуьхьа кхоьллина те Ахьа адамаш?
49Вуй те хӀокху дахарехь валар ганза волу стаг,
я эхартан карара шен са кӀелхьардаьккхинарг?
50Мичахь ду те, Хьалдолу Эла, Хьан безам гойтуш долу хьалхалера гӀуллакхаш?
Мичахь ду те тхоьца тешаме хиларца Ахь Даудана чӀагӀо йина гӀуллакхаш?
51Дагадаийтахьа, Хьалдолу Эла, Хьан ялхо волчунна мостагӀаша бина дегабаам а,
сайн дагахь дерриге а къаьмнаш сох кхардар со хьоьгуш хилар а.
52Хьан мостагӀий, Веза Эла, сох кхаьрдаш ма бу,
Ахьа къобалвинарг мел вахахь а, уьш цунах кхаьрдаш ма бу.
53Декъала хуьлда Веза Эла абаденналц!
Амин, амин.
Copyright information for
CheCAC2012