Psalms 90
Вай лардеш волу Дела
1 ▼▼ Корта 90 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 91.
Веза Воккхачун тхов кӀелахь вехаш верг Нуьцкъалчун ӀиндагӀехь Ӏаш ву.2Цо олу Везачу Эле: «Хьо сан гӀап а, ха а ду,
сан дегайовхо Хьайца йолу Дела а ву!»
3Цо кӀелхьарвоккху хьо мостагӀчун гурах а,
лечу цамгарх а.
4Шен тӀемашца дӀахьулвина, Цо Ӏалашвийр ву хьо.
Цуьнан тешаме хилар ду хьан турс а, дуьхьало а.
5Буьйсанна хуьлучу Ӏадорах а,
дийнахь кхоьссинчу пхарах а кхоьрур вац хьо,
6боданехь лелачу уьнах а,
делкъехь кхетачу цамгарх а кхоьрур вац.
7Хьуна гонах эзар а,
аьтту агӀор итт эзар а вожа мега,
амма хьуна Ӏожалла тӀейогӀур яц.
8Хьайн бӀаьргашца гур ду хьуна
зуламечу нахана таӀзар хуьлуш.
9Везачу Элах хьайн гӀап йина ахь.
Веза Воккханиг хьайн Ларвийриг хаьржина ахь.
10Хьуна вон болх а хир бац,
цамгар хьан цӀенна улло а йогӀур яц.
11 bВезачу Эло Шен маликашна тӀедуьллур ду
массо а хьан некъашкахь хьо ларвар.
12 cЦара куьйгаш тӀехь дӀахьур ву хьо,
хьан ког тӀулгах а ца тасаболуьйтуш.
13 dЛом а, лаьхьа а хьошур ду ахь,
лоьман кӀорни а, текхарг а эшор ду.
14Везачу Эло олу: «Со везарна кӀелхьарвоккхур ву Ас иза,
Ӏалашвийр ву Со ларарна.
15Сайга кхайкхахь, жоп лур ду цунна.
ГӀайгӀанехь Со цуьнца ву.
Ас иза паргӀат а воккхур ву,
цуьнан сий а дийр ду.
16Цуьнан дахар деха а хуьлуьйтур ду,
цунна кӀелхьарвалар а лур ду».
Copyright information for
CheCAC2012