‏ Psalms 92

Везачу Элан паччахьалла дӀакхайкхор

1
Корта 92 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 93.
Везачу Эло паччахьалла до.
Цунна тӀехь сийлаллин духар ду.
Веза Эла духар дуьйхина ву,
Цо ницкъан доьхка дихкина.
Дуьне онда лаьтташ а ду,
иза меттахдер а дац.
2Хьан Ӏарш ширачу заманал хьалха а йолуш ю.
Хьо азалера дуьйна а волуш ву.

3Хин Ӏовраша, Веза Эла, хьалаойу,
хин Ӏовраша шайн аз хьалаойу,
хин Ӏовраша чӀогӀа гӀовгӀа йо.
4Амма дукхачу Ӏоврийн гӀовгӀанал чӀогӀа бу,
хӀордийн тулгӀенийн гӀовгӀанал чӀогӀа бу
лакхаллехь волчу Везачу Элан ницкъ.

5Ахьа хӀиттийна бакъонаш тешаме ю.
Хьан цӀа дерриг а деношкахь,
Веза Эла, деза хиларца хаздина ду.
Copyright information for CheCAC2012