‏ Psalms 94

Хастаман назма

1
Корта 94 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 95.
Схьадуьйла, Везачу Элана хастам бер вай,
вайн кӀелхьардовларан Тархе даккхийдерца кхойкхур вай.
2Хастамаш барца Цунна хьалха хӀуьттур вай,
даккхийдерца эшаршкахь Цуьнга кхойкхур вай.
3Веза Эла сийлахь Дела ву,
Массо а деланашна тӀехь сийлахь Паччахь ву Иза.
4Лаьттан кӀоргалла а Цуьнан карахь ю,
лаьмнийн баххьаш а Цуьнан ду.
5ХӀорд а Цуьнан бу, Цо иза кхоьллина дела,
ткъа декъа латта Цуьнан куьйгаша дина ду.
6Дуьйло, Далла хьалха охьатаьӀар вай,
вай кхоьллинчу Везачу Элана хьалха горахӀуьттур вай.
7 bХӀунда аьлча Иза вайн Дела ву,
Цо Ӏалашдеш долу халкъ ду вай,
Цуьнан куьйга кӀел долу жа ду.

Тахана, нагахь шуна Цуьнан аз хазахь,
8 c«Дуьхьал ма дийлалаш, Мерибахь а, Массехь а санна а,
зеран дийнахь яьссачу арахь санна а.
9Шун дайша Со зийра цигахь,
Ас дина мел дерг шайна гиннашехь.
10Шовзткъа шарахь цу тӀаьхьенна оьгӀазъоьхуш Ӏийра Со.
Ас элира: „Шайн дегнашкахь тиладелла халкъ ду иза,
Сан новкъа ца баха уьш“.
11 dЦундела Сайн оьгӀазаллица Ас чӀагӀо йира,
синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац уьш аьлла».
Copyright information for CheCAC2012