b Арадаккхар 17:1-7; Лелар 20:2-13.
Psalms 94:7-11
7 aХӀунда аьлча Иза вайн Дела ву,Цо Ӏалашдеш долу халкъ ду вай,
Цуьнан куьйга кӀел долу жа ду.
Тахана, нагахь шуна Цуьнан аз хазахь,
8 b«Дуьхьал ма дийлалаш, Мерибахь а, Массехь а санна а,
зеран дийнахь яьссачу арахь санна а.
9Шун дайша Со зийра цигахь,
Ас дина мел дерг шайна гиннашехь.
10Шовзткъа шарахь цу тӀаьхьенна оьгӀазъоьхуш Ӏийра Со.
Ас элира: „Шайн дегнашкахь тиладелла халкъ ду иза,
Сан новкъа ца баха уьш“.
11 cЦундела Сайн оьгӀазаллица Ас чӀагӀо йира,
синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац уьш аьлла».
Copyright information for
CheCAC2012