Psalms 95
Веза Эла уггар лекха паччахь хилар
(1 Шерашкахь 16:23-33)
1 ▼▼ Корта 95 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 96.
Керла йиш лакха Везачу Элана,дерриг а дуьнено лакха Цунна.
2Эшарш лакха Везачу Элана, хастам бе Цуьнан цӀарна!
Де дийне мел дели, Цуьнан кӀелхьардахар кхайкхаде.
3Къаьмнашна юкъахь Цуьнан сийлалла дӀакхайкхае,
массо а халкъашка Цуьнан тамашийна гӀуллакхаш дӀадийца.
4Сийлахь ву Веза Эла, Цунна хастамаш бан хьакъ а ду.
Массо а деланел а Шега болчу ларамах бузуьйтуш ву Иза.
5Кхечу къаьмнийн массо а деланаш – цӀуш бу,
ткъа Везачу Эло стигалш кхоьллина.
6Цунна гонах паччахьан сий а, исбаьхьалла а ю.
Цуьнан деза цӀа ницкъах а, сийлаллех а дуьзна ду.
7 bКъаьмнийн доьзалш, Везачу Элана хастамаш бейша!
Везачу Элан сийлалла а, ницкъ а кхайкхадейша!
8Везачу Элан цӀеран сийлаллина лерина кхайкхамаш бейша!
СагӀанаш а дахьаш, Цуьнан цӀийнан керта дуьйлийша!
9Везачу Эло Шен возалла гойтучу хенахь Цунна суждане гӀойша.
Дерриг а дуьне, дегаде Цунна хьалха!
10ДӀаала халкъашка: «Веза Эла паччахьалла деш ву!
Латта чӀогӀа лаьтташ ду, ткъа иза меттахдер а дац!
Цо бакъонца кхел йийр ю халкъашна юкъахь».
11Стигалш сакъералойша! Латта, даккхийде!
ХӀордо а, цунна чохь мел долчу хӀумано а гӀовгӀа е!
12Кхаш а, царна тӀехь мел дерг а даккхийдеш хила.
Хьуьнхахь мел долу дитташ а даккхийдеш хила
13Далла хьалха, хӀунда аьлча Иза вогӀуш ву,
дуьненна нийса кхел ярхьама.
Цо дуьненна нийсонца кхел йийр ю,
халкъашна а догцӀеналлица кхел йийр ю.
Copyright information for
CheCAC2012