‏ Psalms 97

Дала дуьненна тӀехь куьйгалла до

1
Корта 97 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 98.
Назма. Везачу Элана керла йиш лакхийша,
Цо тамашийна гӀуллакхаш дина дела.
Цуьнан аьтту куьйго а,
Цуьнан нуьцкъалчу пхьаьрсо а
Цуьнга толам баккхийтина.
2Везачу Эло Шен кӀелхьардаккхар довзийтина,
Шен нийсо а Цо халкъашна хьалха гайтина.
3Цо биц ца бина Шен хедар боцу безам а,
Исраилан халкъана Ша тешаме хилар а.
Лаьттан массо а маьӀӀера болчу нахана дӀагина
вайн Дала Шен халкъ кӀелхьардаккхар.

4Самукъане кхайкха Везачу Эле, дерриг а дуьне,
адамаш, даккхий а деш, Цунна хастаман эшарш лекха!
5Дечиг-пондар лакха Везачу Элана,
эшарийн аьзнашца а, дечиг-пондаршца а лакха Цунна.
6Турбанаш а, маӀаш а лоькхуш, самукъадолуш хила
Паччахь волчу Везачу Элана хьалха.

7Сакъералуш хуьлийла хӀорд а, цунна чохь мел долу хӀума а,
иштта дерриг дуьне а, цунна тӀехь дехаш мел дерг а.
8Хиша шайн тӀараш а деттийла,
лаьмнаш цхьаьний самукъане а хуьлийла,
9Везачу Элана хьалха цара эшарш а лоькхийла,
хӀунда аьлча Иза ву лаьттана кхел ян вогӀуш.
Цо дуьненна нийсонца кхел йийр ю,
халкъашна а догцӀеналлица кхел йийр ю.
Copyright information for CheCAC2012