bАрадаккхар 25:22.
c Арадаккхар 33:9.

‏ Psalms 98

Веза Эла уггар лекха паччахь хилар

1
Корта 98 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 99.
bВезачу Эло паччахьалла до:
дегадойла халкъаш!
Иза каруб-маликашна тӀехула йолчу
Шен Ӏаршана тӀехь хиъна Ӏаш ву:
дегадойла латта!
2Веза Эла Цийонехь сийлахь-воккха ву,
Иза дерриге а къаьмнел лекха а ву.
3Цара хастам бойла Хьан цӀарна,
иза сийлахь а, ларам бузуьйтуш а ю,
Дела веза ма ву!

4Паччахь нуьцкъала ву,
Иза нийса кхел езаш ву.
Ахь нийсо дӀахӀоттийна.
Якъубан тӀаьхьенан халкъана
Ахь бакъдерг а, нийсо а лелийна.
5Вазвейша вайн Веза Дела,
Цуьнан когийн кӀелонна хьалха Ӏибадат дейша,
Дела веза ма ву!

6Динан дайшна юкъахь Муса а, АхӀарон а вара,
ткъа Шамъал а вара Цуьнга кхойкхучарна юкъахь.
Цара Везачу Эле доӀанаш дора,
Цо царна дуьхьал жоп а лора.
7 cМархин бӀогӀамна юкъара схьа вистхуьлуш вара Иза цаьрга.
Цуьнан бакъонаш а, Цо делла парзаш а цара лардора.

8Тхан Веза Дела! Ахьа цаьрга ладугӀура.
Хьо церан къиношна гечдеш волу Дела хилира,
ткъа цара лелийначу вонашна Ахь бекхам бора.
9Вазвейша вайн Веза Дела!
Ӏибадат дейша Цуьнан безачу лома тӀехь,
хӀунда аьлча веза ву вайн Веза Дела.
Copyright information for CheCAC2012