Psalms 99
Хасторан назма
1 ▼▼ Корта 99 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 100.
Баркаллин назма. Дерриг а латта, самукъане кхайкха Везачу Эле!2Хазахетарца Ӏамал е Везачу Элана.
Цунна хьалха даккхийдеран эшаршца гӀо!
3ДӀахаалаш, Веза Эла – Дела вуйла.
Вай кхоьллинарг Иза ву, вай Цуьнан долахь а ду.
Вай Цуьнан халкъ а ду, Цуьнан дежийлашкара уьстагӀий а ду.
4Баркалла аларца довлалаш Цуьнан кевнна чу,
иштта Иза хаставарца Цуьнан керташка а.
Баркалла ала Цунна, декъалъе Цуьнан цӀе.
5 bХӀунда аьлча Веза Эла дика ву,
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу,
ткъа Цуьнан тешаме хилар лаьтташ ду
массо а тӀейогӀучу тӀаьхьенашна.
Copyright information for
CheCAC2012