Psalms 1
Хьалхара тептар
(Забур 1–40)
Бакъдолу декъалалла
1Декъала ву зуламхойн хьехамашца лелаш воцу стаг,къинош летийна болчарна тӀаьхьа ца хӀуттуш верг,
кхаьрдаш болчарах дӀа ца кхетарг!
2Амма уггар а декъала ву Везачу Элан товрат-хьехамаш кхочушбарх дагна там хуьлуш верг,
царах лаьцна дийнахь а, буса а ойланаш еш волу стаг!
3 aВу иза доьдучу хин йистехь доьгӀна дитт санна,
шен хенахь стом а ло цо,
гӀа а маргӀал ца дулу цуьнан,
ша мел дечунна тӀехь аьтто а хуьлу цуьнан.
4Зуламаш дечеран гӀуллакхаш иштта ца хуьлу!
Уьш мохо дӀасахьоькху чан санна ма бу.
5Цундела зуламе гӀуллакхаш дечеран
Делан кхелана хьалха дӀахӀуттийла дац.
Къинош летораш а хилалур бац
Делан лаамехь болчеран гуламехь.
6ХӀунда аьлча Шен лаамехь болчеран некъ Везачу Эло ларбо,
ткъа зуламе гӀуллакхаш лелочеран некъо уьш шаьш хӀаллакбо.
Copyright information for
CheCAC2012