Psalms 10
Везачу Элах тешна Ӏаш хилар
1 ▼▼ Назма 10 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 11.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. Везачу Эло со ларвар лоьху аса.ХӀунда олу аша сан сине:
«Олхазар санна, тӀема а далий,
шайн лома тӀе дӀагӀо?
2Ӏесачара, секхаӀедаш а дуьйлина,
шайн пхерчий зӀенаршна тӀехӀиттийра,
боданехь догцӀеначарна тӀетохархьама.
3ХӀун дийр ду Делан лаамехь болчара,
шайна кӀелара Ӏесачара бух дӀабаьккхича?»
4Веза Эла Шен дезачу цӀа чохь ву,
Цуьнан Ӏарш стигалшкахь ю.
Цуьнан бӀаьргаш массо а стаге хьоьжу,
дӀабиллинчу бӀаьргашца Цо адамаш толлу.
5Везачу Эло зоь Шен лаамехь верг а, Ӏесаниг а,
ткъа къизалла ерг Шен дерриг а синца Цунна ца веза.
6Ӏесачарна тӀе догуш долу кӀегий а, саьмгал а,
догӀа санна, охьаӀанор ду Цо.
Чахчо мох а церан кхоллам хир бу.
7Веза Эла нийса а ву, Цунна нийсо а еза.
ДогцӀеначунна Цуьнан юьхь гур ю.
Copyright information for
CheCAC2012