m Арадаккхар 1:7-14.
n Арадаккхар 3:1–4:17.
o Арадаккхар 10:21-23.
q Арадаккхар 7:17-21.
r Арадаккхар 8:1-6.
s Арадаккхар 8:20-24; Арадаккхар 8:16, 17.
t Арадаккхар 9:22-25.
u Арадаккхар 10:12-15.
v Арадаккхар 12:29.
w Арадаккхар 12:33-36.
x Арадаккхар 13:21, 22.
y Арадаккхар 16:2-15.
z Арадаккхар 17:1-7; Лелар 20:2-13.
Psalms 104
Дела а, Цуьнан къам а
(1 Шерашкахь 16:8-22)
1 ▼▼ Корта 104 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 105.
Баркалла ала Везачу Элана!Цуьнан цӀарна хастамаш бе!
Довзийта халкъашна Цуьнан гӀуллакхаш.
2Иллеш ала Цунна, пондарш лакха Цунна.
Дерриг а Цуьнан тамашийначу гӀуллакхех лаций дӀадийца.
3Дозалла де Цуьнан езачу цӀарах!
Веза Эла лоьхучийн дегнаш самукъадолуш хуьлийла!
4Веза Эла а, Цуьнан ницкъ а лаха,
гуттар Цунна уллохь хила гӀерта.
5Дагахь латтаде Цо дина тамашийна гӀуллакхаш а,
Цо гайтина билгалонаш а, Цо йина кхелаш а,
6ва Шен ялхо волчу ИбрахӀиман хӀу дерш,
Ша хаьржина волчу Якъубан тӀаьхьенах дерш.
7Веза Эла волу Иза вайн Дела ву.
Цуьнан кхелаш массо а лаьттахула ю.
8Цо даим дагахь латтор бу Шен барт,
эзаран барамехь йолчу тӀаьхьенашна Ша делла дош,
9 bИбрахӀимца Цо бина болу барт,
Исхьакхана чӀагӀо йина долу ваӀда.
10 cЦо Якъубана иза чӀагӀдира парз санна,
Исраилана ▼
▼Исраил – и ву Якъуб.
– гуттаренна а болу барт санна.11Цо аьллера: «Хьуна лур ду Аса канаӀанхойн латта,
и дакъа хьуна шерет санна кхочур ду».
12Церан терахь цу хенахь дуккха а ца хилла,
кӀезиг а болуш, уьш махкахь тӀебаьхкина Ӏаш хилла.
13Уьш дӀаоьхура цхьа къам долчуьра важа къам долчу,
цхьана пачхьалкхера кхечу халкъан пачхьалкх йолчу.
14 eДала цхьанна а пурба ца лора уьш бацабайта,
церан дуьхьа Цо паччахьашка дӀахьедар дора:
15«Ас къобалбинчарах дӀа ма хьакхалолаш,
Сан пайхамаршна зулам а ма делаш».
16 fДала мацалла хӀоттийра лаьтта тӀехь,
церан дисна напха а хӀаллакдира Цо.
17 gЦо царна хьалхаваьлла стаг вахийтира –
лай вина воьхкина волу Юсуп.
18 hЦуьнан когашна буржалш тоьхнера,
цуьнан вортана тӀехь аьчка гӀомат яра,
19ша аьлла долу хиндерг хилла а далале.
Везачу Элан дашо иза зуьйш хиллера.
20 iМисар-мехкан паччахьо мукъаваьккхира Юсуп,
набахтера араваьккхира иза къаьмнийн олахочо.
21 jЦо шен цӀа чохь хьаькам вина дӀахӀоттийра иза,
шен мел долчу хьолана дола дан а,
22иштта цуьнга элашна тӀехь олалла дайта а,
къаношна хьекъалалла далийта а.
23 kТӀаккха Исраил ▼
▼Исраил: – и ву Якъуб.
Мисар-махка чу велира,Якъуб Хьамин тӀаьхьенийн лаьтта тӀехь,
хийра стаг санна, ваха дӀавахара.
24 mЧӀогӀа дебийра Везачу Эло Шен къам,
церан мостагӀел а ницкъ болуш бира Цо уьш.
25Цо мостагӀийн дегнаш хийцира, Шен къам ца дезийта а,
Шен ялхошна дуьхьал мекарлонца лела а.
26 nЦо Мисар-махка Шен ялхо волу Муса а,
Ша хаьржина волу АхӀарон а вахийтира.
27Мисархошна хьалха цара кхочушйира
Дала царна аьлла йолу билгалонаш,
Хьамин тӀаьхьенийн лаьтта тӀехь
цара тамашийна гӀуллакхаш гайтира.
28 oДала бода бахийтира цига, боданах дуьзира латта,
Цуьнан дешнашна дуьхьал уьш бевлла дела ▼
▼Грекийн гочдар тӀехь: Цуьнан дешнашна дуьхьал уьш бевлла дела. Ӏебархойн тептар тӀехь: Цуьнан дешнашна дуьхьал Муса а, АхӀарон а ца ваьлла дела.
.29 qЦеран хийх цӀий хилийтира Цо,
церан чӀерий хӀаллак а хуьлуьйтуш.
30 rЦеран латта пхьидарчех хьаладуьзира,
церан паччахьан цӀенош чохь а яра уьш.
31 sИза вистхуьллушехь, жӀаьлийн мозий гучудевлира,
массо а махкахула чуьркаш а яьржира.
32 tЦеран догӀанех Цо къора хилийтира,
массо а лаьттахула ткъес тохийтира.
33Кемсийн таьллангаш а, инжиран дитташ а дохийра,
шаьш долчохь мел долу дитт а хӀаллакдира.
34 uИза вистхуьллушехь, цӀоз даьржира,
барам боцуш дукха уьш хилира.
35Церан лаьтта тӀера ерриг буц а,
кхаш тӀехь кхиъна мел долу ялта а дӀадиира цара.
36 vЦул тӀаьхьа Цо массо а хьалха вина доьзалхо хӀаллаквира,
церан ницкъо дуьххьара кхуьуьйтурш байина дӀабехира.
37 wТӀаккха Шен халкъ Мисар-махкара арадаьккхира Цо,
деших а, детих а йина хӀуманаш цара дӀаяьхьира,
Цуьнан долахь долчу тайпанех цхьанна а стеган ког а ца тасабелира.
38Церан арадовларх даккхийдеш дара Мисар-махкара халкъ,
исраилхойх болу кхерам царна тесна болу дела.
39 xЦо марха яржийра, Шен халкъ дӀахьулдархьама,
буса Цо цӀе хилийтира, царна серло ялархьама.
40 yЦара яа хӀума йийхира – Цо лекъаш делира царна,
стигаларчу ялтица уьш Ӏаббалц буза а бира.
41 zЦо тарх йоьккъушехь, хи схьахецаделира,
татолаш а хилла, иза яьссачу аренгахула дӀадахара.
42Дала иза дира, хӀунда аьлча Цунна дагахь яра Ша йина еза чӀагӀо,
Шен ялхо волчу ИбрахӀимна Ша делла долу дош.
43Цо Шен къам доккхадерца арадаьккхира,
цара самукъане маьхьарий а детташ,
Мисар-махкара Ша хаьржинарш Цо арабехира.
44 aaЦо кхечу къаьмнийн латтанаш царна дӀаделира,
кхечу наха къахьегнарг царна дӀакхачийтира,
45Шен парзаш цаьрга кхочушдайтархьама а,
Шен товрат-хьехамаш цаьрга ларбайтархьама а.
Хастам бу Везачу Элана!
Copyright information for
CheCAC2012